ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу ММА-латархочо къобалдина Францехь хьехархо вер


Оьрсийчоьнан Нохчийчуьра схьаваьллачу ММА-латархочо Имадаев Зелима къобалдина Парижна гергахь шен къомах волчу Анзоров IабдуллахIа дIадахначу кIиранах хьехархочун Пати Самюэлан корта баккхар. Шен инстаграм-агIонехь цо "Исламан турпал" аьлла стаг вийначух.

Ткъа кхечу Оьрсийчоьнан ММА-латархочо, Дураев Альберта, хьехархо верах лаьцна яздина, "Францехь дешан маршонан юхьиг а яйна", аьлла, йоза чекхдоккхуш хIоттийна самукъане васт – смайл.

Спортхоша аьлларг "терроризм къобалъярца" мел догIу къастор доьхуш, Оьрсийчоьнан Талламан комитете кехат хьажийна Петербургерчу вахархочо Чупрунов Павела. Арз чуделлачу Чупруновс яздина, шен Iалашо ю талламчаша, Архангельскехь ФСБ-н цIенна гергахь терроран тохар дича баккхийбийначарна санна, айдер ду я дац бехктакхаман гIуллакх спортхошна дуьхьал хьажа воллу ша, аьлла.

Еарин дийнахь масех хаамийн гIирсаша информци яржийра, латархойн UFC юкъаралло контракт хадийна Имадаевца, аьлла. Амма иза дуьззина ишта дац – масех бутт хьалха хиллера иштаниг, ткъа дIабахначу баттахь юха а дIаязвина иза UFC Fight Night турнире.

Имадаевс а, Дураевс а (Дураев Оьрсийчохь самбон чемпион а ву) шайна критика ян йолийча дIаяьхна шаьш Францехь хьехархо вер къобалдеш хIиттийна хилла посташ, билгалдоккху прессехь.

47 шо долу историн а, георграфин а хьехархо Пати Самюэл вийра пIераскана. Зулам дарна бехкево Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Иза ша а вийна лоцучу муьрехь полисхоша. Социалан машанашкахь иза радикалан кхайкхамаш беш лелла хилар билгалдоккху прессо. Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ.

Пати верца доьзна лецначаралахь ву исламист-жигархо Сефриуи IабделIаким. Цо а арахецна YouTube машанехула Пати Самюэлна бехкбуьллуш видео.

Зулам терроран тохаран могIарахь толлуш ду. Францехь, наха эзарнашкахь дакъа а лоцуш, протестан акцеш хIиттийра Пати Самюэль верца доьзна.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG