ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхарачой-Чергазийчохь а, Дагестанехь а экстремистийн тобанаш лецна ша боху ФСБ-но


"Кхарачой-Чергазийчуьрчу Малокарачаевски кIоштахь а, Дагестанехь - ХIинжа-ГIалахь а, Каспийскехь а, Избербашехь а дуьненаюкъарчу "Ат-Такфир Вал-Хьиджра" цхьаьнакхетараллин 20 сов декъашхо лаьцна", - аьлла бу РИА Новости агенталле ФСБ-но бина хаам.

Таллам беш оцу нахера яьхна гранаташ, тапчанаш, топ, динан литература, билгалдоккху ТАСС агенталло а.

Шина а махкахь лецначу шина тобанна бехке дуьллу экстремизман юкъарлонаш кхоллар. Экстремистийн тобанера хилар зуьйш тахана Ставропол-махкахь а лаьцна ши стаг.

  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а чIагIдарца, экстремисташ я террористаш бу бохуш лоьцучу наха кхелашкахь дареш до, шайна йиттина таллам дIахьочу муьрехь, шаьш оцу бахьаница хилира зуламаш дарна къера, олий.

XS
SM
MD
LG