ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Human Rights Watch: Карабахна тIе кассетан бомбанаш етта Азербайджано


Дуьненаюкъара низам а дохош, лело магош йоцу кассетан бомбанаш йиттина йозуш йоцу пачхьалкх шех кхайкхийначу Карабахна тIе масийттазза Азербайджанан эскарша, дIахьедина Дуьненаюкъарчу цхьаьнакхетаралло Human Rights Watch.

Каарачу баттахь юьйцу бомбанаш лаххара а доьаззна тоьхна хилар документе дерзийна бакъоларъярхоша. Ткъа хьалхо Азербайджано Эрмалойчоь бехкейира Гянджа гIалаина тIе кассетан бомбанаш тохарна.

"Кассетан бомбанаш еттар цасацоро – къаьсттина нах дукха бехачу меттигашка – гойту бахархойн кхерамзаллин балабацар. Цхьана а хьелашкахь леладойла дац и тайпа герз, гIаланашна, алссам нах бехачу меттигашкахь тIедетташ муххале а ", – аьлла Human Rights Watch-ан герзаш лелорна тIехьожучу декъан куьйгалхочо Гуз Стивена.

Цхьаьнакхетаралло теллина Степанакерт а, Гадрут а гIаланашкахь лелхаза йисина кассетан ракеташ а, церан гаьргаш а. Даьхна оцу герзан суьрташ, хIиттийна тоьшаллин документаш.

Оцу шина гIалахь карийна герз ду: кассетан LAR-160, M095 бомбанаш а, хIоьънаш а. И тайпа ракеташ эцна Азербайджано Израилера 2008–2009 шерашкахь, боху бакъоларъяран цхьаьнакхетаралло.

XS
SM
MD
LG