ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" - "Спартак" матч йирзича, Соьлж-ГIалахь йиттина футболан арбитрна


"Ахмат", "Спартак" футболан къоначу ловзархойн матч йирзича йиттина арбитрна Головко Богданна. Бевзаш боцучара футболан майдана а лилхина, чоьже буйнаш биттина реферина, т1е мийраш биттина. Т1аьхьо арбитран чоьнаш чу а кхаьчна, маьттаза мотт лебина цара. Иштта гойту хилларг "Спорт-Экспресс" газето, матчан проколна т1е а тевжаш.

0:0 жам1аца дирзина шина тобан ловзар. Т1аьххьарчу миноташкахь чолхене дирзина хьал, вовшашлахь тийсабала боьлла футболхой. Арбитра Головкос ловзарна юкъараваьккхина "Ахматан" декъашхо. Ткъа матч йирзича т1елетта арбитрна.

Оьрсийчоьнан премьер-лиго бакъдо инцидент иккхина хиллар, бекхбуьллу Соьжа-Г1алахь Головкох леттачарна а, бухарчу клубанна а, боху, т1азар кхачор ду бехкечарна.

Ткъа "Ахматан" пресс-векалто д1ахьедина, футболан майданна т1е а ваьлла, леттарг хьажархо вара, из ву арбитрна "т1е1аткъам бан г1иртинарг". Клубо шена къинт1ера бовлар дехна "Спартаке" а, премьер-лигин куьйгалхошка а.

Baza портало бахарехь, Головкона т1елеттачех цхьаъ хила тарлуш ву Соьлжа-Г1аларчу клубан кхерамзаллин декъан белхахо Алханов Сайд-Хьусайн, Нохчийчоьнан куьйгалхочун спортехула хьехамча волчу Алханов Хьайдаран во1. Ткъа Алханов Хьайдара бакъ яц аьлла арбитрна т1елетарх лаьцна яржийна информаци, яздо Sports.ru портало.

XS
SM
MD
LG