ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов Хьабиб – кхозлагIа а UFC чемпион


Нурмагомедов Хьабиб а, цуьнан тренер лаьттина Нурмагомедов Iабдул-Манап а (кхелхина масех бутт хьалха)
Нурмагомедов Хьабиб а, цуьнан тренер лаьттина Нурмагомедов Iабдул-Манап а (кхелхина масех бутт хьалха)

Абу-Даби шахьарарчу Латархойн гIайри тIехь шоьтан сарахь дIаяьхьначу дуьненан UFC чемпионатехь, дегIан лахарчу йозаллин категорехь, дагестанхочо Нурмагомедов Хьабиба эшийна Американ Штаташкара Гейджи Джастин.

Нурмагомедов "кхосаберг" ярца (вовшахтесначу шина кога легаш Iовдар) тоьлла шолгIачу раундехь.

КхозлагIа йоккхуш ю Нурмагомедовс UFC-н чемпионан титул. Цкъа а эцна воцуш, 29-0 ю цуьнан рекорд. Гейджи кхозлагIа эшна, 22-зза тоьлла UFC-хь, хаам бо Спорт.Ру портало.

Нурмагомедов Хьабибан плакат Дагестанехь
Нурмагомедов Хьабибан плакат Дагестанехь

Нурмагомедов Хьабиб UFC-н чемпион ву дегIан лахарчу йозаллехь. Селхханалц иза шолгIа вара тоьллачу латархойн могIарахь. Sherdog рейтинго хIинца дуьнентIехь тоьлла латархо а лоруш, хьалхарчу могIара ваьккхина иза. Иштта кхочушбина спортхочо шен тренеран, масех бутт хьалха цIеххьана кхелхинчу Нурмагомедов Iабдул-Манапан лаам.

Нурмагомедов Хьабибах тоьлла спортхо кхиийна волу цуьнан да Нумагомедов Iабдул-Манап, кхелхина масех бут хьалха.
Нурмагомедов Хьабибах тоьлла спортхо кхиийна волу цуьнан да Нумагомедов Iабдул-Манап, кхелхина масех бут хьалха.

"Со Дагестанан лаьмнашкарчу жимачу юьртара могIара кIант ву. Соьга селхана сан вашас элира, Гугло хьо дуьнентIехь уггаре дукха хьехош волу стаг ву боху, аьлла – суна теша хала ду цунах. Ткъа сан Iалашо яра деккъа дIа сайн ден лаам кхочушбеш, чемпион вала, дагахь а дацара хIара иштта хир ду, сайн белшаш тIе оццул сий дужур ду аьлла. Шайн дай-наной белахь, хилалаш царна уллехь – кхин дан а дац. Сан цхьа нана йисина царех. Цунна уллехь виса лаьа суна, цунна алссам хан дIаяла", элира Нурмагомедовс, ша латархочун карьера юьтуш хилар дIа а хьедеш.

Нурмагомедов Хьабиб Оьрсийчоьнан чемпион чемпион ву самбо латарехь (2009), Европан чемпион ву панкратионехь, Европан чемпион ву NAGA Grappling версехь (20I2).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG