ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIира: Парижерчу бохамна а, Нохчийчуьрчу Iазапна а юккъехула Нурмагомедовс кховдийна кхаъ


Оршот (ГIадужу-бутт,19)

Парижехь вийна хьехархо дагалоцуш

ГIадужу-беттан 16-чу дийнахь Парижна гергахь вийна хьехархо Пати Самюэл дагалоцуш, гуламаш дIабаьхьира Францехь кIирандийнахь. Яккхий манифестацеш хилира Париж, Лион, Бордо, Страсбург, Лилль, Нант, Марсель гIаланашкахь. "Со Самюэл ву", "Со хьехархо ву" аьлла дара гуламхошкара плакаташ – цара дагадоуьйтура 2015-чу шарахь оцу журналера журналисташ байъича, ерриг а Европехула даьржина хилла йоза "Со - Шарли" (Je suis Charlie).

Историн а, георграфин а хьехархо Пати верна бехкево Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Иза ша а вийна лоцучу муьрехь полисхоша. Социалан машанашкахь иза радикалан кхайкхамаш беш лелла хилар билгалдоккху прессо. Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ.

Кадыровн гонера нах хила тарло хирург Дагаев Салахь вийнарш

Нохчийчуьрчу дарбан цIийнехь операци йина пациентка яларца доьзна, хируг Дагаев Салахь вада а вина, йиттина вийра Хьалхо. Лор гIорасиз а вуьсуш, елларг яра Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу цхьаьннан гергара зуда. Дуьххьара Дагаев верах лаьцна кхо кIира хьалха хаам баржийра 1ADAT телеграм-канало. Паблико дийцарехь, лоьро операци еш елларг Гуьмсан кIоштара йоккха стаг ю, иза хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонерчу цхьана хьаькаман йиша.

Оццу дийнахь туьтмIаьжигашкахь болчу наха вадийна Дагаев. Иза дIавоьллина байначу беттан 24-чу дийнахь ГIойтIахь. "Кавказский узело" довзийтина хируг валар туьдуш цуьнан коллегаша а, юьртахоша а дина къамел. Иза лийчош, дIавуллуш хьийзинчара боху Салахьан дегIа тIехь дийна меттиг а яцара. Юьхь а хилла цуьнан цхьа доккха цIийн томагI", – дийцина ГIойтIарчу Зоврбек цIе йолчу вахархочо.

Шинара (ГIадужу-бутт,20)

Кадыровна критика ярна кхерамаш туьйсу Венехь вийначу Умаровн зудчунна

" Сан петара чу кхача гIиртира суна вевзаш воцу стаг, юьхьах маска йоллура цуьнан", - хаам бина Австрехь ехачу Умарова Заремас. Зудчо неI ца йоьллуш, телефон тоьхна полице, цо полисхочуьнца къамел деш а хезна, къайлаваьлла веанарг.

"Ас массарна а хоуьйту ,ас шена критика ярна Кадыров Рамзана киллер сайна тIаьхьаваьккхина хилар", – аьлла бу Умаровас Нохчийчоьнан куьйгалхо а хьахош социалан машанашкахь баржийна хаам.

  • «Венера Анзор» цIарца вевзаш хиллачу Умаров Мамиханах йисинарг ю Умарова Зарема. Умаров вийра Австрин коьртачу шахьарахь байначу беттан 4-чу дийнахь, коьртах герз тоьхна. YouTube-каналехула Кадыровна а, цуьнан гонна а ира критика еш хуьлура иза. Иза верах йолчу шеконца лаьцна Австрин полицино Нохчийчуьра схьаваьлла ши стаг - Ахтаев Сар-Iела а, Магамадов Салман а.

Кхаара (ГIадужу-бутт,21)

"Мемориал": 7 стаг лачкъийна Нохчийчохь

"Мемориал" центро дIахьедина, Нохчийчуьрчу Чечана юьртара ворхI вахархо низам латто тIебехкинчу Iедалан ницкъаша вадийна хиларх лаьцна. Ши бутт гергга хьалха Соьлжа-ГIаларчу къайлахчу набахте а бигина, Iазап латтийна царна тIехь. Бакъоларъярхошкахь йолчу информацица, Чечанара Мангал-беттан 29-чу дийнахь лачкъийна Абдулвагапов Мохьмад, Дакаев Мохьмад, Амерханов Iаьрби, Хататаев Ихван.

ШолгIачу дийнахь вадийра Идигов Адам а, Алиев Аслан а, Бероев Адам а. Хьалхо дIахецна царех Алиев, Бероев, Амерханов, Хататаев. Лаьцна вуьсуш ву, боху бакъоларъярхоша, Абдулвагапов, Дакаев, Идигов.

Еара (ГIадужу-бутт,22)

Вийначу хьехархочух къастаран церемони дIаяьхьна Парижехь

Пати Самуэлах къастаран церемони дIаяьхьира ПарижерчуСорбоннехь. Тезетан барамехь вара массийтта бIе стаг, шайлахь Фрнацин президент Макрон Эммануэль а волуш. Макрона шен къамелехь билгалдаьккхира, хьехархо кIиллоша вийна, цо дуьненан, демократин мехаллаш яржош хиларна, аьлла. "Оха букъ тухур бац карикатурашна", — элира Францин президента.

Гихтахочуьнга нах къинтIерабахийтина

WhatsApp-месенджерехула Нохчийчуьрчу нахе шена къинтIерабовлар доьхуш Гихтарчу вахархочо даржийна къамел довзийтира пачхьалкхан "Грозный" телеканало. Репортажо бахарехь, фейк-хаам баржийна хилла гIойтIахочо, махкахула берашна кхерамаш туьйсуш, Ford машенца ваьлла лелаш ву цхьа стаг, аьлла.

"Грозный" телеканахула юьхьйоху нехан. Гайтаман сурт
"Грозный" телеканахула юьхьйоху нехан. Гайтаман сурт

"Шен дагахь, бераш нийса Iамадайта, Довтаев Лоьмас доттагIчуьнга хаам бахьийтина. Ткъа вукхо и хаам шор а беш WhatsApp-е биллина, цунах алссам фантази йолу деза адам деш", - яздина телеканало шен инстаграм-агIонехь.

Стаг вен кхачор меттахIоттадарехьа

Педофилашна а, бер дийначунна а кхелехула вен кхачор меттахIотто деза, аьлла, кхайкхам баржийна Оьрсийчоьнан Юкъараллин палатин а, Адаман бакъонийн кхеташонан а Нохчийчуьрчу декъашхочо Солтаев Мансура. Цо президенте а, Пачхьалкхан Думе а, пачхьалкхан Юкъараллин кхеташоне а хьажийна шен дехар. Шен кхайкхам нийса бу аьлла хета Солтаевна, бухе дуьллу цо Дагестанехь 8 шо долу Омарова Калимат яда а йина, хийзор, цул тIаьхьа ер. Оцу зуламна бехкево Iедало 36 шо долу Леваши юьртара вахархо.

ПIераска (ГIадужу-бутт,23)

Кавказехь юха экстремисташ лецна ФСБ-но

"Кхарачой-Чергазийчохь а, Дагестанехь а дуьненаюкъарчу "Ат-Такфир Вал-Хьиджра" цхьаьнакхетараллин декъашхо ву аьлла. 20 сов стаг лаьцна ФСБ-но.

Таллам беш оцу нахера яьхна гранаташ, тапчанаш, топ, динан литература, билгалдаьккхира ТАСС агенталло. Экстремистийн тобанера хилар зуьйш оццу дийнахь Ставропол-махкахь а лаьцна ши стаг.

Human Rights Watch: кассетан бомбанаш етта Азербайджано

Дуьненаюкъара низам а дохош, лело магош йоцу кассетан бомбанаш йиттина йозуш йоцу пачхьалкх шех кхайкхийначу Карабахна тIе масийттазза Азербайджанан эскарша, дIахьедина Дуьненаюкъарчу цхьаьнакхетаралло Human Rights Watch. Каарачу баттахь юьйцу бомбанаш лаххара а доьаззна тоьхна хилар документе дерзийна бакъоларъярхоша. Ткъа хьалхо Азербайджано Эрмалойчоь бехкейира Гянджа гIалина тIе кассетан бомбанаш тохарна.

Шот (ГIадужу-бутт,24)

Соьлж-ГIалахь йиттина футболан арбитрна-хьешанна

"Ахмат", "Спартак" футболан къоначу ловзархойн матч йирзича йиттина арбитрна Головко Богданна. Бевзаш боцучара футболан майдана а лилхина, чоьже буйнаш биттина реферина, тIе мийраш биттина. ТIаьхьо арбитран чоьнаш чу а кхаьчна, маьттаза мотт лебина цара. 0:0 жамIаца дирзина шина тобан ловзар.

ТIаьххьарчу миноташкахь чолхене дирзина хьал, вовшашлахь тийсабала боьлла футболхой. Арбитра Головкос ловзарна юкъараваьккхина "Ахматан" декъашхо. Ткъа матч йирзича тIелетта арбитрна. Baza портало бахарехь, Головкона тIелеттачех цхьаъ хила тарлуш ву Соьлжа-ГIаларчу клубан кхерамзаллин декъан белхахо Алханов Сайд-Хьусайн, Нохчийчоьнан куьйгалхочун спортехула хьехамча волчу Алханов Хьайдаран воI. Ткъа Алханов Хьайдара бакъ яц аьлла арбитрна тIелетарх лаьцна яржийна информаци, яздо Sports.ru портало.

КIиранде (ГIадужу-бутт,25)

Нурмагомедов Хьабиб – кхозлагIа а UFC чемпион

Шот кIирандийно хуьйцучу буьйсанан хенахь Абу-Даби шахьарарчу Латархойн гIайри тIехь дуьненан UFC чемпионатехь, дагестанхочо Нурмагомедов Хьабиба эшийна Американ Штаташкара Гейджи Джастин. Нурмагомедов "кхосаберг" ярца (вовшахтесначу шина кога легаш Iовдар) тоьлла шолгIачу раундехь.

КхозлагIа яьккхина цо UFC-н чемпионан титул. Цкъа а эцна воцуш, 29-0 ю цуьнан рекорд. Иштта кхочушбина спортхочо шен тренеран, масех бутт хьалха цIеххьана кхелхинчу шен ден Нурмагомедов Iабдул-Манапан лаам.

"Со Дагестанан лаьмнашкарчу жимачу юьртара могIара кIант ву…. Сан Iалашо яра деккъа дIа сайн ден лаам кхочушбеш, чемпион вала, дагахь а дацара хIара иштта хир ду, аьлла… Шайн дай-наной белахь, хилалаш царна уллехь – кхин дан а дац. Сан цхьа нана йисина царех. Цунна уллехь виса лаьа суна, цунна алссам хан дIаяла", аьлла, ша латархочун карьера юьтуш хилар хаийтина Нурмагомедовс.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG