ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Деккъа дIа чемпион хила лаара". Нурмагомедов Хьабиб юьтуш ву латархочун карьера


Тоьлла ларалучу латархойн UFC юкъараллера дIа а волуш, шен спортан карьера йита воллу ша, элира Абу-Даберчу "Латархойн гIайри" тIехь Америкера Гейджи Дастин а эшорца шоьтан буса кхозлагIа а чемпион ваьллачу Дагестанерчу латархочо Нурмагомедов Хьабиба.

Нурмагомедов "кхосаберг" ярца (вовшахтесначу шина кога легаш Iовдарца) тоьлла шолгIачу раундехь.

КхозлагIа йоккхуш ю Нурмагомедовс UFC-н чемпионан титул. Цкъа а эцна воцуш, 29-0 ю цуьнан рекорд. Гейджи кхозлагIа эшна, 22-зза тоьлла UFC-хь, хаам бо Спорт.Ру портало.

Sherdog рейтинго дуьнентIерачу латархошлахь тоьлла лоручийн могIарахь шолгIаниг хилла Нурмагомедов ваьккхина хьалхарчу метте.

Спортхочо жигара дакъалоцу Дагестанан дахарехь. Яхначу буса ХIинжа-ГIалин урамашкахь вуно дукха нах бара цо Гейджина тIехь толам баккхар даздеш.

XS
SM
MD
LG