ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийначу хьехархочун гIуллакхца доьзна кхин а цхьа нохчо лаьцна Францехь


Францерчу Конфлан-Сент-Оноринехь вийначу хьехархочун Пати Самуэлан гIуллакх толлучу юкъанна полицино лаьцна 22 шо долу нохчо, яздо ТАСС агенталло. Полисхоша бинчу хаамца, Твиттерехь корта баьккхинчу хьехархочун зорбане хIоттийначу суьртана лайк хIоттийна хиллера цо.

Нохчийчуьра вахархо лоцуш операци дIаяьхьна кIирандийнахь Блуа олучу гIалахь, хаамбина ТАСС агенталло, францхойн BFMTV канална тIеетвжина. Терроризм яржорна бехкево жимстаг, полицин информацица.

"Оьрсийчохь вина и жимстаг, шен цIера лаьцна дIавигина ву. Цуьнан цIийнах хьоьвсича карийна дуккха а герз а, патарманаш а, уьрсаш а, иштта, компьютеран гIирс а. Лаьцначул тIаьхьа цо тIе ца дуьту ша радикалан хьежамаш болуш хилар" аьлла бу телехьожийлан хаам.

Билгалдоккху, 2017-чу шарахь а терроризм бакъярна жоьпалле озийна ву вуьйцург.

ШолгIа тIом Нохчийчохь бирзинчул тIаьхьа веана хилла лаьцнарг шен деца-ненаца Франци тховкIело еха.

47 шо долу историн а, географин а хьехархо Пати Самюэл вийра карарчу беттан 16-чохь. Зулам дарна бехкево Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Иза ша а вийна лоцучу муьрехь полисхоша.

Социалан машанашкахь иза радикалан кхайкхамаш беш лелла хилар билгалдоккху прессо. Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ.

Пати верца доьзна лецначаралахь ву исламист-жигархо Сефриуи IабделIаким. Цо а арахецна YouTube машанехула Пати Самюэлна бехкбуьллуш видео.

Зулам терроран тохаран могIарахь толлуш ду. Францехь, наха эзарнашкахь дакъа а лоцуш, протестан акцеш хIиттира Пати Самюэль верца доьзна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG