ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белхан меттигашца къоьлла ю Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а


Уггар лакхара хааелла балхазалла Оьрсийчоьнан регионашлахь - ГIалгIайчохь. Къилбаседа Кавказан мехкашлахь лидершлахь къастийна Нохчийчоь а ю аьлла ду Новости агенталло динчу зерийн жамIашкахь.

ГIалгIайчохь 30,7 проценте кхиъна белхан къоьлла, цунна тIаьхьа ю Тыва (22,2%) а, Нохчийчоь а (21,7%).

Дахначу шерашца дуьстича, йоллу Оьрсийчохь хаало белхазалла лакхаялар аьлла, тIетоьхна талламаш бинчу авторша.

Стохка пачхьалкхехь ялх регион яра билгаляьлла белхазалла 10 проценте кхиъна, ткъа кху шарахь 13 % лакхадаьлла терахь. Талламчаша билгалдаккхарехь, коронавирусан пандемино тIеIаткъамбина ситуацина.

ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а, Дагестанехь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Тувахь а белхан меттигашца гIад дайна хьал хиларх дийцира хьалхо. Нохчийчохь 22 проценте кхаьчнера белхазалла. Меттигерчу Iедалхоша хьал дуьйзира коронавирусан пандемица.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG