ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь ковидах велла тIаьххьарчу дийнахь-буса 29 дархо. Ун даьлла ву 871 стаг


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказехь яхначу буса-дийнахь коронавирусан уьнах велла 29 дархо, кхин тIе цомгаш хилла 871 стаг.

Эпидемица къийсам латто вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла ялх пациент, Ставрополан махкахь кхелхина виъ, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а, ГIебарта-Балккхаройчохь а кхоккха велла, Дагестанехь цхьаъ.

Пандеми яьржичхьана Къилбаседа Кавказехь верриг а велла COVID-19 вирусах 2 080 стаг. Къаьсттина дукха бу, тIаьххьарчу 24 сахьтехь билгалбовларца, ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь - 185 дархо

Ставрополан махкахь+185 (20 321 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь + 131 (16 734)
ГIалмакхойчохь+ 96 (8 610)
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 88 (9 652)
Дагестанехь + 82 (15 619)
Кхарачой-Чергазийчохь+ 89 (9 173)
Адыгейхь + 75 (5 421)
ГIалгIайчохь + 60 (7 052)
Къилбаседа ХIирийчохь+ 56 (6 918)
Нохчийчохь+ 9 (2 586)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус токхуш ву 102 086 вахархо. Оперативан штабан статистикаца, йоллу Оьрсийчохь бу коронавирусца - 1 531 224 пациент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG