ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростовхь лаьцна шиъ Нохчийчу дIавигина. Шина баттана чохь вуьтур ву и шиъ кхелан сацамца


Бакъоларъярхойн хаамца, Ростов гIалахь полисхоша лаьцна, тIехь ницкъбина Нохчийчуьрчу СемаьIашкара Дотмерзаев Адам а, Ашаханов Муса а шина баттана чохь вуьтуш, сацамбина аьлла, дийцина ТIехьа-Мартанарчу кхелахоша.Яздо цунах лаьцна "Кавказский узел" агенталло. И шиъ бехкевина гIаттамхошца цхьана лелла ву аьлла. Шина кIентан гергарчара дIахьедо, Ростов машен эца вахана вара и шиъ бохуш.

Маршо Радионо яздира, бакъоларъяран центран хаамашна тIетевжина, кху беттан 4-чохь Ростов-гIалахь лецарх цига бахана хилла СемаьIашкара кегийнах: Дотмерзаев Адам а, Ашаханов Муса а. ТIаьхьа Нохчийчу дIабигинера уьш, ТIехьа-Мартанарчу полице. "Мемориалан" хьостанаша чIагIдора, хIинца и шиъ полицехь а ву, цара Iазап лов цигахь бохуш.

Ростов кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххой дуьхьал хилла "Кавказский узел" агенталлан корреспондентна дийца, мича бахьанашца сецош бу лецнарш.

"Адам а, Муса а ши шича ву. Адаман 31 шо ду, зуда ялийна вац иза, иштта, цхьанхьа а болх беш вацара. Боккха доьзал бу церан. Дукха хан йоццуш операци йина ву церан да. КIант лацарх цуьнга хаийта ца хIутту уьш, цуьнан даго ловр дац бохуш", - аьлла, дийцина агенталле гергарчара.
35 шо долчу Ашаханов Мусан кхо бер а, хIусамнана а ю.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG