ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Террорхо" ву аьлла нохчийн муфтийс Францин президент


Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь
Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь

Кхин а тIе нах хIаллакбийр болу, "ша тоьлур воцу бусулба динна тIелатар" долийна Францин президенто Макрон Эммануэла аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа.
Динан урхаллан Инстаграмерчу пена тIехь зорбане даьккхина цуьнан дIахьедар.

Хьалхо Макрона хаамбира, сатирикан Charlie Hebdo журнало кхин дIа а йохкур йолуш ю Мохьмад пайхамарна карикатураш "дешан маршонан дуьхьа" аьлла.

Францхойн лидеран позицех дерг олуш, Межиевс билгалдаьккхина, цо дина дIахьедар бахьана долуш дуьненчуьра ши миллиард гергга болу бусулбанаш цуьнан мостагIий хилла аьлла.

Межиевс дийцарехь, Мохьмад пайхамар а, "массо а дин" а сийсаздина Макрон "дуьненчохь а номер 1 йолу террорхо" ву.
"Хьо адамаллин а, массо а бусулбачийн а мостагI ву, цхьана а кепара мехаллаш а, я оьздангаллийн низамаш а доцуш. Хьайн куьйгашца къаьмнашна юкъахь, дианан конфессешна юкъахь а мостагIалла даржош ву хьо", - аьлла муфтийс.

Межиевс билгалдаккхарехь, францхойн лидеро емал ца дина "вийначу профессоро лелийна провокацеш, цунна дика хаьара, ша дечух", ткъа президенто "хьекъалх тиллачух къоман турпалхо" вина.

Пачхьалкхехь сепаратизмаца къийсам латторах къамел дира ГIадужу-баттахь Макрона. Цо дIахьедира, ГIуран-баттахь оцу хьолаца йоьзна низаман проект ша тIеоьцур ю аьлла.

Иштта цо билгалдаьккхира, Францерчу бусулбачийн Кхеташонца юкъахь организаци вовшахтоха еза, "интеллигенте ислам" дIахIоттош. И дин маьршадаккха деза "арахьара бечу тIеIаткъамах а, иштта маьждигашна кхачочу ахчанна тIехь а контрол латтон еза", Макрона бахарехь.

Оцу кепара барамаш юкъабаха декхаревира Макрон карарчу-баттахь Мохьмад пайхамарна ехкина карикатураш дешархошна гайтина хьехархо къизаллица виийча.

Президентан дIахьедаро шога критика гIаттийра цхьа могIа бусулбачу мехкашкахь. Протесташка арабевллачара кхайкхамаш бора, францхойн сурсаташна байкот ян еза, бохуш.

Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа "психикана дарба дар" хьийхира Макронна, иштта бехкевира иза тоталитаран "антиисламан система" кхолла Iалашо хиларна. Туркойн лидеро Франци "нацизман дакъа" ду элира, иштта, цо дехар дира Европе "гамонан кампани сацае" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG