2014-чу шарахь нах а бойъуш, хиллачу некъахьовзамна бехкевина ГIалгIайчоьнан хиллачу куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекан хадархо лаьттина Мейриев Багаудин. "Интерфаксо" яздарехь, набахтехь даккха диъ шо хан кхайкхийра кхело Мейриевна, амма гIуллакх ширдаларна сацамбира иза маьрша вуьтуш.
2014-чу шеран ГIадужу-беттан 26-чохь хилла ю инцидент. Белхан машенахь республикан куьйгалхочун машенийн ковраца вогIучу Мейриевн бехках ши зуда йийра, шина стагана чевнаш хилира. Мейриевс бехк тIе ца лецира.
2018-чу шеран ГIуран-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан шичин, Шела кIоштан администрацин урхалхочоун Ибрагимов Турпал-Iелин бехках хиллачу некъан бохамехь доьзал бийра: да, нана, церан йоI а. Ибрагимовс бехк тIе ца лецира, я иза жоьпалле а ца озийра.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!