ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь коронавирусах велла 14 дархо. Ун даьлла 857 стагана


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах велла 14 дархо, вирус къаьстина кхин а 857 стагаца.

Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан шатабан зерашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина виъ стаг, Ставрополан махкахь а, ГIалмакхойчохь а кхоккха велла, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Дагестанехь а шишша велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана COVID-19 вирусах кхелхина лоруш ву 2 094 стаг.

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь - 187 стаг:

Ставрополан махкахь̆ +187 (20 508 ву эпидемии яьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь+ 120 (16 854)
ГIалмакхйчохь + 99 (8 709)
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 90 (9 742)
Дагестанехь + 82 (15 619)
Кхарачой-Чергазийчохь+ 86 (9 259)
Адыгейхь + 70 (5 491)
ГIалгIайчохь + 53 (7 105)
Къилбаседа ХIирийчохь+ 56 (6 974)
Нохчийчохь + 10 (2 596)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь 102 943 стаг ву COVID-19 ун токхуш. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь ву коронавирусца 1 547 774 дархо.

Оьрсийчохь йиллина лелош масканаш ю. Роспотребнадзоро дихкина буьйсанна болх бан ресторанашна а, клубашна а.
Пандеми бахьана долуш шолгIа а дозанаш къовла лаам бац Оьрсийчоьнанан. Делахь а, Оперативан штабо кху деношкахь дийцаредира, Оьрсийчуьра Туркойчу лелачу кеманийн рейсаш лахъярх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG