ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францин иттаннашкахь сайташна тIелетта Макрона дIахьедар динчул тIаьхьа


Хьехархо Пати Самюэлан дакъа чохь долчу яьшкина хьалха ву президент Макрон Эммануэль
Хьехархо Пати Самюэлан дакъа чохь долчу яьшкина хьалха ву президент Макрон Эммануэль

Яхначу буса иттаннашкахь Францин сайташна хакерийн тIелатарш дина аьалла, хаамбина "Франс Пресс" агенталло.
Сайташ тIехь лозунгаш хIиттийна, исламан толамехьа а, Мохьмад пайхамарехьа а, Франци яла лаарца а кхайкхамаш беш. Иштта президентан Макрон Эммануэлан суьрташ дехкина хьакханан вастехь.

ТIелатарш даран бахьана ду, урокехь дешархошна Мохьмад пайхамарна ехкина карикатураш гайтина хилла хьехархо Пати Самюэл верца доьзна Макрона дина дIахьедарш.

Вийна профессор "тийна-таьIна турпалхо" ву аьллера Макрона, ткъа дина тIелатар "исламистийн теаракт" ду аьлла, билгалдоккхуш.

Карарчу беттан 23-чохь веллачу хьехархочунна хIоттийначу тезетан барамехь вистхуьлуш Францин президенто кризисан хьолехь ду исламан дин аьлла, дIа а хьедина, кхайкхамбира, Францин республикан мехаллаш радикалан исламах ларъян еза аьлла.

Макронан дIахьедаро Гергарчу Малхбалера цхьа могIа пачхьалкхаш эргIад яхийтира. "Психикана дарба дар" хьийхира президентана Туркойчоьнан лидеро ЭрдогIан Реджепа.

Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа "хьалхара террорхо" а, бусулбачийн мостагI а ву элира Францин президент.

47 шо долу историн а, географин а хьехархо Пати Самюэл вийра карарчу беттан 16-чохь. Зулам дарна бехкево Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Иза ша а вийна лоцучу муьрехь полисхоша.

Социалан машанашкахь иза радикалан кхайкхамаш беш лелла хилар билгалдоккху прессо. Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ.

Пати верца доьзна лецначаралахь ву исламист-жигархо Сефриуи IабделIаким. Цо а арахецна YouTube машанехула Пати Самюэлна бехкбуьллуш видео.

Зулам терроран тохаран могIарахь толлуш ду. Францехь, наха эзарнашкахь дакъа а лоцуш, протестан акцеш хIиттира Пати Самюэль верца доьзна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG