ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европехь бехачу нохчашна "гIо дан" агенталла вовшахтоьхна Нохчийчохь


Умаров Джамбулат
Умаров Джамбулат

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан инициативаца, республикехь Къоман агенталла вовшахтоьхна, дозанал а арахьа бехачу ночхашца уьйр латто аьлла, хааме даьккхина махкарчу хаамийн гIирсаша. Куьйгалхочун администрацин урхалхочун хьалхарчу гIовса Умаров Джамбулата оцу хьокъехь дийцина дуьненаюкъарчу RT телеканална. Цо бахарехь, Iалашо ю агенталлан Европехь бехачу нохчашца уьйр тасар, царна гIо латтор.

Агенталло жигара болх бийр бу дозанал а арахьа йолчу нохчийн диаспорашца нохчийн мотт Iаморехь а, къоман ламасташ лардарехь а иштта кхин йоьшу гIо латторца а аьлла Умаровс.

Мехкан дозана тIехь адамийн бакъонаш ларъяр дийцаредеш Нохчийчуьрчу зорбан министраллехь "юкъараллан конференци" дIаяьхьира байначу баттахь. Мехкан куьйгалхочун гIоьнчас Дудаев Ахьмада а, муфтийс Межиев Салахьа а, омбудсмено Нухажиев Нурдис а, кхинболчу хьаькамаша а дийцира гулбиначаьрга, "нохчийн дахарна тIеIаткъамбарх арахьара чуйогIучу информацино а, иштта Малхбузен къайлаха сервисаш регионера хьал талхон гIертарх" а, яздора мехкан хаамийн гIирсаша.

Дудаевс билгалдаьккхира, либералан зорбанаша а, "Европерчу Ичкерин векалша" а негативе дийцарх, Нохчийчохь хуьлучух.

"Цкъа а ца хиллачу кепара цхьана а кхетта, дуьхьало ян еза вай, юкъараллехь нохчийн васт негативе кхолла гIерташ а, Нохчийчохь а, йоллу Оьрсийчохь а лаьтта стабиле ситуаци йохо хьийзачу а нахана", - дIахьедира зорбан министро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG