ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берда йистехь. Стенна йожа тарло тIе къоьлла


Блант Максим

Сурсаташ, мехала кехаташ духкучу дуьненаюкъарчу биржашкахь тарлой Оьрсийчоь эша, хIун дан деза иштаниг нислахь? Кризисах уггаре дукха зен хилларг, Украинаца дуьстича, стенна ю Оьрсийчоь, муьлхачу битамаша гойту къоьлла гергагIерташ хилар? Оцу хьокъехь ю экономикан публициста Блант Максима кечйина рогIера «Маршо Радионо ахчанах» программмин материал.

ДIадахначу кIиран пIераскана рогIера шен кхеташо дIаяьхьначу Оьрсийчоьнан Банкан директорийн кхеташоно къастийна рефинансированин барам (кредиташ оьцучу банкаша Оьрсийчоьнан Коьртачу банканна кредитех луш йолу процент). И процент хьалхалерраниг йитина – ткъа оцо цец ца ваьккхина цхьа а. Оьрсийчоьнан экономика меллаша меттахIуттуш елахь а, сом дужуш хиларо новкъарло йина кредитийн процент лакхаяккха. Бизнесо а, халкъо а инфляци хила торуш юйла кхетадо, цундела хаьа, сом чIагIдаллалц дораха кредиташ хир доцийла. Нагахь санна соьман мах лакхабалахь, Коьртачу банко лахйийр ю кредитийн процент а. Ткъа хьал толуш ца хилахь, цхьа а юьстахара аьттонаш а боцуш, коронавирусан кризисах хьалхаяла гIерта дезар ду экономикан.

Кхеташонера видеопрограмма:

Пресс-конференцехь Оьрсийчоьнан Банкан куьйгалхочо Набиуллина Эльвирас дийцинчух шена тIе тидам берзош ю масех момент. Пачхьалкхера капитал дозанал араяла тарло шозза сов – 25 миллиард долларера 53 миллиард долларе кхоччуш. Сом дожарца дозу иза. ЛартIа дац ахча дужуш лаьттачу валютехь кхабар. Оцу юкъанна инвестораш а, могIара бахархой а эшна догIучу валютах сиха мукъабовларе терра чехкадолу оцу валютин дожар.

Экономикехь лелачу ахчан барамах, девальвацех бозу бахархошна тIехуьлучу рицкъан барам. Коьртачу банко эшна хир ду боху и рицкъ а – кхо бутт хьалха йинчу прогнозал а лахара ю хIинца Набиуллинас кхайкхийна прогноз – 6-7% охьабер бу бахархошна ахчанца хуьлу пайда.

Оьрсийчуьрчу Коьрта Банкан куьйгалхо Набиуллина Эльвира
Оьрсийчуьрчу Коьрта Банкан куьйгалхо Набиуллина Эльвира

Амма лакхаяьлла Оьрсийчоьнан Банко бахархошна лучу кредитех йолу прогноз. Нахана лучу кредитийн барам 6-9% лакхабер бу, бохура кхо бутт хьалха, и процент хьалаер ю 13-16-нне, боху хIинца.

И ши хьал цхьаьнадаро гойту (нехан рицкъ лахлуш хилар а, кредиташ бахархошна дукха-кIезиг далар а) халкъо шена тIе алссам банкийн декхар хьарчош хилар. Ткъа оцу хьолаца цхьаьна дац бахархойн рицкъ тIекхуьуш, цаьрга Iалаш ца дало беттанаш хьалха шайгахь хилла де а. Дагалаца догIу стохка дина хилла дIахьедарш: нахана луш долчу кредитийн терахьаш лакхадовларе терра кхиа тарло халкъалахь къоьлла. Иза хаало хIинцале а, делахь а наханна цкъачунна доккхахдолу сакхт ца го банкашца бен.

Аналитикан НАФИ центро кху беттан 21-чохь зорбане баккхинчу талламо гойту нехан банкашка болу тешам вуно лахабаьлла хилар.

Бахархошна Оьрсийчуьрчу банкаша лучу кредитийн процент лах ца елла

Бух бу нехан банкашна реза ца хила. Бахархой кредитах шайгара йогIу процент хеннахь дIа ца луш бахлур бу юккъерчу барамехь 90 дийнал сов – иштанаш хир бу 7,5 тIера 15% кхаччалц. Амма оцо, пайда бахь бен, зен дийр дац банкашна. Карарчу шаро банкашна хуьлуьйтур ю 1,2 – 1,3 триллион са. Иза стохкачул шозза лахара терахь ду. Амма иза са ю хIетте а. Кредиташ духкучу банкашкара Оьрсийчоьнан Банко йоккху процент мел елахь а, лахара ю. Шайга ахча пачхьалкхо дораха луш хиларна кхуьу банкашна са а.

Банкашна кредитан процент лахйинехь а, бахархошкара оцу банкаша йоккху и тайпа процент ма-ярра йисина. Ткъа бахархошна тIекхуьу пайда кхушеран исс баттахь официалан терахьашца а охьабаьлла дуккха а, бац нехан иза хьалабаккха некъ. Росстато бахарехь, кхушара къоьлле кхаьчна 1 миллион 300 эзар Оьрсийчоьнан вахархо. "Ромир-мониторинг" компанино бинчу талламаша бахарехь, болх бечу нехан, ерриг а пачхьалкх схьаэцча, 54% ю рицкъа кIезиг кхочуш, Москвахь и процент ю 58.

Кхин а цхьа тидам. Оьрсийчоьно, дуккхаъчу пачхьалкхашца юьстича, атта лов кризис, чIагIдо тIаьххьарчу хенахь Iедало. Тоьшаллина даладо кхин дика а доцу пачхьалкхан бахамкхиоран терахь (ВВП), я кхечу мехкашкахьчул лахара долу белхазаллин терахь. Хила тарло пачхьалкхан экономика ларош, амма халкъ ларош дацар – иза дика гуш ду.

Хазачу терахьаша вуза ца во, эшна хир ду баьхна хьал тIехIоьттина лаьтта

Дуьненарчу терахьашца Оьрсийчуьра хьал дустучу даьллехь – дIадахначу кIиранах Швейцарерчу Credit Suisse банко бовзийтина хIора шарахь пачхьалкхийн бахам гойтуш бен таллам. Банкан аналитикаша дийцарехь, Оьрсийчуьрчу бахархойн рицкъ лахделла 11%. Ткъа и терахь ду дуьнентIехь уггаре лакхарчех. Оьрсийчоь тIаьххьарчу шерашкахь шеца къийсалучу Украинехь а ца хаало и тайпа къоьлла.

Ткъа Украиница дустар далийча, шаьш оьшийла кхета, «хьал ца кегош дитар тоьлу» бохуш, Оьрсийчуьра «цхьанаэшаралла» хестош хьийза нах. Пачхьалкхерчу «цхьанаэшаралло» кхачош рицкъ дац, «эшна хир ду» бохуш хьехийна эшам тIехIоьттина лаьтта нехан дахарна. Цхьа гIулч бен а яц юьззина социалан-политикан кризис текхача йисина. «Цхьанаэшаралла» ю шайн пачхьалкхехь, бехира хIинццалц Белоруссин Iедало а – амма халчу хIоттийна иза меттахдаьллачу халкъо.

Белоруссера протестан болам
Белоруссера протестан болам

Кху дерриг а шарахь юьйцу дуьненаюкъара кризис а, иза Оьрсийчохь сов дараш доцуш дIайоьдуш хилар а. Амма цуьнан сурт дац деккъа дIа пачхьалкхан бахам кхиаран боларой, индустри къахьоьгуш хиларой, инфляци естарой, бахархойн я фирманийн бизнесой хаздеш. Кризис яьржича гучудовлу дуккха а шерашкахь IаьIна кхидолу сакхташ а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG