ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карантинан низамаш дохийначарна гIуданаш деттар ду Сунжехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

COVID-19 коронавирус бахьана долуш юкъадаьхна карантинан низамаш дохийначарна дуьхьал гIуданаш детта сацамбина Сунжан Iедалхоша. Бахархошна пхеа эзар соьме кхаччалц хир бу мах, ткъа совдегарийн охьадилла дезар ду 50 эзар соьмана тIера аьлла, хаамбина мэрин пресс-гIуллакхоша, яздо "Кавказский узел" агенталло.

ТIаьххьарчу дийнахь-буса динчу зерашца, ГIалгIайчохь ун даьлла ву 7 105 стаг. Коронавирусна тIехула ГIалгIайчохь цIахь деша битина бархI школашкарчу 15 классашкара дешархой.

ГIаличохь хIинцале а масех рейд дIаяьхьна, ши протокол хIоттийна. Доккхачу декъанна Сунжехь низамаш ца талхош схьабогIуш бу меттигера бахархой аьлла, дIахьедаина эпидемица къийсам латточу оперативан штабан кхеташонехь.

Эпидемина дуьхьало латтон керла карантинан барамаш юкъабохуш омрана куьйгяздинера республикан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас кху беттан 22-чохь. ГIуран-батте кхаччалц дIатеттина махкахь барамаш хIиттор а. Буса исс сахьт даьллачул тIаьхьа болх бийр бац ресторанаша а, кафеша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG