ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу Наьсаран кIоштара хьаькамаш бехкебина бакъо йоцуш латтанаш декъарна


ГIалгIайчуьрчу Наьсаран кIоштарчу Экажево эвлан администрацин хьаькамашна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна, цара бух боцуш латтанаш декъна хилла аьлла. Махкарчу Таламан урхалло хаамбарца, 2010-чу шарера 2011-чу шаре кхаччалц шеконашка эцначу наха 12 меттигерчу вахархочунна церан латтанаш ду аьлла, тоьшаллин кехаташ яздина хилла.

Оцу документаш тIехь чIагIдина хилла, 5 миллион сом сов мах болу дакъош ду церан долахь гIишлошъян а, юьртабахам лело а аьлла.

Иштта пачхьалкхана ладам боллуш зен дина хилла администрацин куьйгаллехь хиллачара аьлла, дIахьедо Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG