ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса велла ковидах 20 дархо. Ун даьлла 878 стагна


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 20 дархо, цомгаш хилла кхин а 878 стаг. Эпидемица къийсам латто кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах ялх пациент, Дагестанехь пхиъ, Ставрополан кIоштахь виъ, ГIалмкхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а шишша, Нохчийчохь цхьаъ велла.

Эпидеми яьржичхьана велла Къилбаседа Кавказехь ковидах 20 114 вахархо.

Къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу 24 сахьтехь вирус кхетта нах Ставрополан кIоштахь - 190 стаг:

Ставрополан махкахь+190 (20 698 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь + 133 (16 987)
ГIалмакхойчохь + 96 (8 805)
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 89 (9 831)
Дагестанехь + 83 (15 788)
Кхарачой-Чергазийчохь+ 90 (9 349)
Адыгейхь + 70 (5 561)
ГIалгIайчохь + 59 (7 164)
Къилбаседа ХIирийчохь+ 58 (7 032)
Нохчийчохь + 10 (2 506)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнца ву 103 821 стаг. Оперативан штабан информацица, йоллу Оьрсийчохь бу уьш 1 563 976.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG