ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозицин жигархо Тепсуркаев лачкъорах гIуллакх доло дуьхьал бу Нохчийчохь


Оппозицин "IADAT" телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салман лачкъорах бехкзуламан гIуллакх доло дуьхьал бу Нохчийчуьра талламчаш, оцу хиламца зулам дац аьлла. Карарчу беттан 15-чохь бинчу сацамах хаийтина бакъоларъярхошна дахначу шинарин дийнахь.

"Дукха хьолахь полисхошкара даьллачуьнца зулам дац олий, хьесап до, - дуьйцу Къилбаседа Кавказерчу Iазапна дуьхьалолатторан Комитатан офисан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс. - Иштта Тепсуркаевца доьзначуьнца а талламхоша сацамбина, цигахь зуламан хIоттам банне а бац аьлла. Оцу кепара сацам бале хьалха, цаьрга кхача езара Тепсуркаев тахана латтош волчу меттигах тIечIагIйина информаци. Йа оьшура цуьнга шега хеттарш дан, йа цуьнан гергарчаьрга хаьттича жоп хила там бара, иза волчу меттигах".

Iазапна духьалотатторан Комитетан юристаша лаькъамбийр болуш бу церан сацамна, аьлла Пискуновс.

Гезгамашин-беттан 7-чу дийнахь 1ADAT пабликехь араелира Тепсуркаев Салмана ша редакце хьажийна боху видео. Ша 1ADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, аьлла, верзина ваьлла волу Тепсуркаев хиира шишанна тIе.

Шена шишанна тIехаа я тапча тохийта битинчу шина харжамах цхьаъ бу ша къастийнарг, бохура жимчу стага. Хууш ду иза Iедалхоша лаьцна, Геленджикера Соьлжа-ГIала вигинийла. Шен цIийнах кхетаза ву хIинца а, цкъачунна хууш дац цунах хилларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG