ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь хиллачу кхийсаршна тIехула бехктакхаман гIуллакх дуьхьалдаьккхина


Ши стаг а вуьйш, кхаанна чевнаш еш Нохчийчохь кхийсарш ярх бехтакхаман гIуллакх дуьхьалдаьккхина. Махкарчу талламан урхалло бина цунах лаьцна хаам.

"Талламчийн информацица, карарчу беттан 27-чохь буьйсанна кхо сахьт долучу заманчохь ТIехьа-Мартанарчу дарбан цIийне меттигера пхи вахархо валийра герзашца йинчу чевнашца. Шиъ велира царех", - аьлла, яздо урхаллан пресс-гIуллакххоша шинарин сарахь Iорабаьккхинчу хаамехь.

Талламчаша дийцарехь, ТIехьа-Мартанарчу бахархошна юкъахь даьлла дов летаршка дирзинера герзаш а детташ. Еллачу информацехь дуьйцуш дац, инцидентана ницкъахой бехкехиларх.

Оьрсийчоьнан хаамийн агенталлаша хьалхо зорбанашкахь яздора, полицин дакъошкарчу шайн хьосташна тIетевжина, ОМОН-н а, СОБР-н а тIемалошна юкъахь хиллера и конфликт бохуш.

Кавказ.Реалиин хьосташа хаамбарехь, юьхьанца дов дара, тIаьхьо уьрсаш а, герзаш а детта буьйлабеллера. Росгвардин эскархочунна Килаевна а, Мурзабековна а, Марзабеков Шемална а чевнаш йинера. Беллачарлахь ву Росгвардин эскархо Мадаев Рустам а, школан хехо Бердукаев Iела а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG