ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьнан президентна карикатура йина Шарли Эбдос. "Расизм" ю иза боху туркойн Iедалша


Францин а, Туркойчоьнан а президенташ: ЭрдогIан Реджеп а, Макрон Эммануэль а
Францин а, Туркойчоьнан а президенташ: ЭрдогIан Реджеп а, Макрон Эммануэль а

Туркойчоьнан президентна ЭрдогIан Реджепна йина карикатура шайн мужалта тIехь а йолуш, рогIера керла номер арахецна Францин Шарли Эбдо (Charlie Hebdo) журнало. Цу тIехь ах бедар тIехь йолуш, цхьана куьйгахь хинан банка а йолуш, вукху куьйгаца бусулба динехь духарца йолчу зудчун кучан юх айина ЭрдогIан ву гойтуш: "Эхь, Пайхамар!" аьллачу йозанца. "Вуьшта шен дахарехь Iаламат ловзарна тIера ву ЭрдогIан" аьлла, къастийна карикатуран чулацам.

"Культуран расизм а, мостагIалла а даржон" гIортар ду аьлла, Туркойчоьнан Iедалхоша емалдина карикатура йиллар.

Францин президентан Макрон Эммануэлан "антибусулбан программин тIаьхье" ю аьлла карикатураш Туркойчоьнан президентан пресс-секретаро Алтун Фахреттина.

"Расистийн, ксонофобин, исламофобин, антисемитан а тIехьехаро Туркойчоьнна провокаци йийр яц дуьхьал жоп далийта", - яздина цо твиттерехь.

Францерчу школан хьехархо Пати Самюэль вийначул тIаьхьа Парижан а, Хонкаран а юкъаметтигаш телхинчу юкъанна зорбане яьккхина Шарли Эбдос шайн карикатура.

47 шо долу историн а, географин а хьехархо Пати Самюэл вийра карарчу беттан I6-чохь. Зулам дарна бехкево Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Иза ша а вийна лоцучу муьрехь полисхоша.

Социалан машанашкахь иза радикалан кхайкхамаш беш лелла хилар билгалдоккху прессо. Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ.

Пати верца доьзна лецначаралахь ву исламист-жигархо Сефриуи IабделIаким. Цо а арахецна YouTube машанехула Пати Самюэлна бехкбуьллуш видео.

Зулам терроран тохаран могIарахь толлуш ду. Францехь, наха эзарнашкахь дакъа а лоцуш, протестан акцеш хIиттира Пати Самюэль верца доьзна.
Карарчу беттан 23-чохь веллачу хьехархочунна хIоттийначу тезетан барамехь вистхуьлуш Францин президенто кризисан хьолехь ду исламан дин аьлла, дIа а хьедина, кхайкхамбира, Францин республикан мехаллаш радикалан исламах ларъян еза аьлла.

Макронан дIахьедаро Гергарчу Малхбалера цхьа могIа пачхьалкхаш эргIад яхийтира. "Психикана дарба дар" хьийхира президентана Туркойчоьнан лидеро ЭрдогIан Реджепа.

Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа "хьалхара террорхо" а, бусулбачийн мостагI а ву элира Францин президент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG