ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлна ца тайна Кадыров арахьарчу политикана юкъагIертар


Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран пресс-секретарь Песков Дмитрий
Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран пресс-секретарь Песков Дмитрий

Арахьарчу политикаца доьзна сацамаш тIеэца бакъо яц пачхьалкхерчу регионийн куьйгалхойн аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитирийс. Иштта ю цо, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Францин президент "шен махкахь терроризме иракарахӀотторг" ву аларца доьзна йина комментари.

"Пачхьалкхан арахьарчу политикех дийца бакъо вайн низамашца президентан бен яц. Субъектийн урхалхойн йиш яц арахьарчу политикехь дакъалаца а, шайггара сацамаш бан а", - аьлла Песковс, яздо Meduza гIирсо.

Йоьдучу урокехь Мохьмад пайхамарна Шарли Эбдос ехкина хилла карикатураш гайтина хьехархо Пати Самюэль Францехь вийча гIаьттинчу гIовгIана юккъехула дира Кадыровс шен дIахьедар."Къайлах бусулбанаш зуламаш дан иркарахIиттош ву иза" аьллера Кадыровс Макронах лаьцна.

Макронна кхерам тосуш къамелаш дира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, иштта мехкан муфтийс Межиев Салахьа а.

"Гена ца волуш, йита, Макрон, провокацеш, динна лер. Ца йитахь, Iовдал сацамаш беш ваьхна президент санна вуьйцур ву хьо исторехь. Карикатураш яхкарх болу хьан хьажам бусалбанашна ца тайна ца Iа, бехкево хьо кхечу динашкахь болчу, кхетам цIена болчу наха а тIехь", - дIахьедина Кадыровс.

Францин президентах "номер 1 террорхо","массо а бусалбанийн мостагI", аьлла, гуттар а генаваьллераа Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь.

"Хьекъалх тиллачу профессорх "къоман турпал" а вина, леррина бусалбанаш харц новкъа баха гIерташ, ахь провокацеш лелош го суна", – дIахьедира цо.

Пати Самюэль вер Францино терроран могIара диллина. Оьрсийчуьра схьаваьллачу 18 шо долчу Анзоров IабдуллахIа (Москвахь вина а, Франце дIабахначу доьзална тховкIело елча, цунна тIаьхьавахана а хилла иза) мачете-уьрсаца корта баьккхина хьехархочун, ша зулам деш даьккхина сурт даржийна социалан машанехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG