ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Iедалхошна дуьхьал акци дIаяьхьна Берлинехь нохчаша


Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран Малхбузерчу пачхьалкхашкара оппоненташ байъарна дуьхьал Германин коьртачу шахьарехь Берлинехь нохчийн диаспоран векалша вовшахтоьхна акци дIаяьхьира тахана. Бахьана дара протестан акци хIоттон, стохка нохчийн гIаттамхойн хилла тIеман буьйранча, Гуьржийчуьра вахархо Хангошвили Зелимха вина аьлла бехкевечу Оьрсийчуьра веанчунна тIехь йолийна кхел.

"Тхо кхузахь гулделла, тхайх лаьцна дагадаийта, Катарехь Яндарбиев Зеламха вийнарш Оьрсийчоьне дIа ма баллара, хIара а дIа ца валийта. Тхуна лаьа, немцошна а дIагайта, тхеша сагатдой а, оцу хьола тIехь терго латтайой", - аьлла, дIахьедира Маршо Радиога Берлинехь йоьдучу акцин декъашхочо Мицаева Рубатис. Цо тIетуьйхира, кхел ерззалц акцеш денна хIиттон шаьш дагахь ду аьлла. Дуккха а нах гулбина митинг хIоттон бакъо яц цаьргахь.

Карарчу беттан 7-чохь долийна Хангошвили вийначун дов хаттта Берлинерчу Лаьттан кхелехь. Журналистийн хаамашца, бехкевечун бакъйолу цIе Красиков Вадим ю. Цхьана хенахь ФСБ-н спецназехь гIуллакх а дина, масех вен кхайкхийна стаг хIаллаквеш дакъалаьцна а ву иза.

Хангошвилина тIелатар дарна шаьш гунахь дац бохуш, чIагIдо Оьрсийчоьно.

Стохка Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинна юккъехь герз тоьхна вийра Хангошвили. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яц, делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза.

Bellingcat-о а, The Insider-о а, Spiegel-о а бахарехь, Красиковна Хангошвили вуьйш гIодина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан ФСБ-н "Вымпел" декъехь болх бинчу Демьянченко Романа.

"Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, аьллера президента Путин Владимира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG