ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIехьа-Мартанарчу кхийсаршкахь хилла ОМОН-н эскархо лаьцна


Гайтаман сурт

Герзаш детташ конфликт хиллачул тIаьхьа лаьцна, стаг верна бехке ву аьлла ОМОН-н тIемало Марзабеков Шамхан. "Коммерсанто" бо и хаам шайн хьосташна тIетевжина.

Билгалдаккхарехь, кху беттан 27-чохь ТIехьа-Мартанан кIоштахь СОБР-н эскархошца хиллачу кхийсаршкахь лазийначу Марзабеков Шемалан ваша ву Марзабеков Шамхан. Талламчаша сацийна ницкъахо, амма цкъачунна къаьстина дац меллалц латтор волуш ву.

Талламан урхалла йоцург а, гIуллакх талла тIеозийна Къилбаседа Кавказан гонашкарчу къоман гвардин комисси а, Нохчийчуьра Росгвардин урхалхой а, билгалдоккху "Коммерсанто".

Полисхойн хаамашца, ОМОН-а белхахой, ши ваша МарзабековгIар Шамхан а, Шемал а "Смайл" цIе йолчу кафе чу вахана хилла малар лоьхуш. Нохчийчохь маларш дохкар сацийна хиларе терра, кафен долахочо дуьхьало йина царна. ГIуллакх гена дала доьлча цо тIекхайкхина Росгвардина юкъайогIучу СОБР-хь шена бевзаш берш.

Оьрсийчоьнан информацин агенталлаша яздора, шайн къайлахчу хьосташа бинчу хаамца, герзаш ОМОН-н а, СОБР-н а эскархоша диттинера аьлла.

Кавказ.Реалиин информацица, юьхьанца лер-алар а хилла, эххар а уьрсашца а, герзашца а лета буьйлабеллера уьш.

Оцу кхийсаршкахь чевнаш йина Росгвардин декъан эскархошна Килаевна а, Мурзабековна а, Марзабеков Шемална а. Велла Росгвардин тIемало Мадаев Рустам а, школан хехо Бердукаев Iела а.

Хиллачу инцидентан хьокъехь бехкзуламан гIуллакх диллина. Официалан хаамашкахь хьахош дац кхийсаршна юкъахь ницкъахой хиларх.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG