ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ниццехь тIелатар дина: вийна кхоъ


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ниццехь уьрсаца тIелетта вевзаш воцу стаг. Францин хаамийн гIирсаша яздарехь, вийна кхо стаг.

Цхьаннан корта баьккхина, яздо Reuters агенталло. КуьйгакIел нисвеллачу масех стагана чевнаш йина. ТIелеттарг лаца аьтто баьлла полицин. Цкъачунна хоуьйтуш дац, мила ву зуламхо.

ГIалин мэро динарг терроран тохар ду аьлла. Антитерроран прокуратурано шен тергоне эцна дина зулам талла Iалашонца.

Парижехь хьехархо Пати Самюэль вийна масех де даьллачул тIаьхьа хилла ду Ниццехь дина тIелатар. 47 шо долу историн а, географин а хьехархо Пати Самюэл вийра карарчу беттан 16-чохь. Зулам дарна бехкево Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Иза ша а вийна лоцучу муьрехь полисхоша.

Социалан машанашкахь иза радикалан кхайкхамаш беш лелла хилар билгалдоккху прессо. Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ.

Президента Макрона Патин тезетахь къамел дира, вуно ира дара иза: цо бохура, ислам-динехь кризис ю, кхойкхура Францин бахархой радикалан кепе йирзинчу исламан экстремизманна дуьхьалхIитта. Макрона динчу дIахьедаро эргIад бахийтира Гергарчу Малхбалера цхьа могIа пачхьалкхийн Iедалхой. Туркойчоьнан президенто ЭрдогIана "психикана дарба де" аьлла, хьийхира Макронна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ГIадужу-беттан 27-чохь аьлла, Францин президент Макрон Эммануэль "ша ву хIинца терррорхочух дIатарлуш", ткъа мехкан муфтийс тиллина Макронна "№I террорхо" цIе.

Селхана Шарли Эбдо журнало зорбане ехира, шаьш ЭрдогIанна ехкина карикатураш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG