ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах велла 21 пациент, ун къаьстина 886 стагаца


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах велла 21 пациент, ун къаьстина 886 стагаца.

Эпидемица къийсам латто вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран кIоштахь кхелхина ковидах 6 стаг, Ставрополан махкахь а, Кхарачой-Чергазийчохь а велла кхоккха, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалмакхойчохь а шишша, ГIалгIайчохь а, Адыгейхь а, Нохчийчохь а цхьацца дархо велла.

Пандеми яьржичхьана верриг а Къилбаседа Кавказехь велларг ву 2 135 стаг.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, къаьсттина дукха цомгаш нах хилар билгалдаьлла Ставрополан махкахь - 192 стаг:

Ставрополан махкахь +192 (20 890 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь + 132 (17 119)
ГIалмакхойчохь + 94 (8899)
ГIебарта-Балкхаройчохь+ 90 (9 921)
Дагестанехь + 87 (15 875)
Кхарачой-Чергазийчохь+ 88 (9 437)
Адыгеейхь+ 72 (5 633)
ГIалгIайчохь + 61 (7 225)
Къилбаседа ХIирийчохь+ 59 (7 091)
Нохчийчохь + 11 (2 617)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус токхуш ву 104 707 стаг. Оперативан штабан зерашца, 1 581 693 дархо ву йоллу Оьрсийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG