ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саратова: "Шу европхой ду, я бусалбанаш ду?"


Францехь школан хьехархо Пати Самюэл Нохчийчуьрчу вахархочо вийча, пачхьалкхан президенто Макрон Эмануэла динчу дIахьедарна комментари йитинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна тIехIуттуш, йистхилла адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан декъашхо Саратова Хеда.

"ХIинца тIекхаьчна, хIора а мила ву хуу зама. Шен амалехь, диллина, шога Кадыровс дош хазийна, шегарчу даржал а, шен дахарал а деза дерг Iалашдеш", - боху Саратовас.

Бакъоларъярхо цецъюьйлу махкал а арахьара блогерш тапъаьлла Iарна, цо хьехна, тахана нохчийн къомана а, доллу бусулбачу дуьненна а тIехь кхозу юкъара проблема цхьане йийцареяр.

"Юьстахдевлла Iийр хир дац-кх шу, Европехь беха сан вежарий? Тхан йоллу ледарлонаш юьйцуш хазахеташ ма дара шу. ХIинца юкъара проблема ю хIара. Цхьане дийца вай цунах. Я шу, цкъа хьалха европхой, цул тIаьхьа бусулбанаш ду?", - аьлла, хаттар хIоттийна Саратовас.

47 шо долу историн а, географин а хьехархо Пати Самюэл вийра карарчу беттан 16-чохь. Зулам дарна бехкево Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Иза ша а вийна лоцучу муьрехь полисхоша.

Социалан машанашкахь иза радикалан кхайкхамаш беш лелла хилар билгалдоккху прессо. Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ.

Президента Макрона Патин тезетахь къамел дира, вуно ира дара иза: цо бохура, ислам-динехь кризис ю, кхойкхура Францин бахархой радикалан кепе йирзинчу исламан экстремизманна дуьхьалхIитта. Макрона динчу дIахьедаро эргIад бахийтира Гергарчу Малхбалера цхьа могIа пачхьалкхийн Iедалхой. Туркойчоьнан президенто ЭрдогIана "психикана дарба де" аьлла, хьийхира Макронна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ГIадужу-беттан 27-чохь аьлла, Францин президент Макрон Эммануэль "ша ву хIинца терррорхочух дIатарлуш", ткъа мехкан муфтийс тиллина Макронна "№I террорхо" цIе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG