Бакъо йоцуш Нохчийчохь лечкъийна бигина, бертаза латтон нах дIахецар тIедожош цхьаммо хIоттийна пикет юкъахъяьккхина Москварчу полисхоша. Тахана, ГIадужу-беттан 29-чохь акци дIаяхьа сацам хиллера 28 шо долчу Москварчу яхархочун Омарова Лианин.
Лубянкерчу къайлахчу сервисийн гIишлона герга йоьдуш хиллера иза, амма дуьхьалваьллачу полисхочо карара плакат схьадаьккхинера цуьнгара. "Кадыровн Нохчийчоь - Оьрсийчоьнан полигон ю" аьлла, тIеяздина хиллера цунна.
Кавказ.Реалиин корреспонденте Омаровас хаамбарца, пикет дIаяхьа коьрте деанера цунна, Нохчийчохь лачкъийна вигинчу 19 шо долчу IАДАТ телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салманца лелийнарг бахьана долуш.
Гезгамашин-беттан юьххьехь социалан машанашкахь яржийра, цунна тIехь ницкъбен видео. Гергарчарана хууш дац цуьнан кхолламах дерг.
Иза а, бакъо йоцуш Нохчийчохь лецна латтош болу нах а дIахецар тIедожош Оьрсийчоьнал арахьа беха Тепсуркаевн махкахой а гIовттур бу аьлла, дегайовхо яра шен аьлла Омаровас, ша гайтина масал бахьана долуш.