ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Гергарчаьргахула куьйгаш доьхку". Шайн юьртахь завод йиллийта ца лаьа гIалгIашна


Iаьли-Юрт, Магасна 4 чаккхарма юьстах
Iаьли-Юрт, Магасна 4 чаккхарма юьстах

Евлоева Изабелла

ГIалгIайчуьрчу Несаран кIоштарчу Iаьли-Юьртахь наштар лаладен завод ца йиллийта арабевлла меттигера бахархой: цо экологи талхор ю, дIасацабе болийна болх, доьху цара. Iедалан урхаллашкахула аьрзнаш деш чекхбевллачул тIаьхьа, ШарIан кхеле а бевлла уьш, амма ца сацийна белхаш – хьалакхуьуш ю заводан гIишлош.

Наштарх гIирс кечбечу Iаьли-Юьртарчу "РИАК" заводна уллехь юьллуш ю наштар кхехкош йолу "РИАЛ" завод. Ткъа сурсат цунна латтор ю ГIалгIайчуьра а, луларчу мехкара а тиша наштар гул а деш, дIадухкучу наха. Каарачу хенахь "РИАК-о" сурсат "Русал" компанера оьцу, ткъа хIинца шенна завод йиллича, юьстахара наштар оьцуш ен харц чохь юьсур ю, боху меттигерчу Iедалхоша.

хIо бехдийр ду, даьхнин дежийлаш талхор ю, ялтанашна гIело йийр ю – кхузахь ерриг а юьрт ю дуьйш, оруш хуьлучу ялташа кхобуш

Керлачу заводо иттанашкахь белхан меттигаш лур ю – уггаре дукха белхазалла йолчу регионна цунах боккха пайда хуьлу. ГIалгIайчохь къахьега дедолчу нахах кхоалгIа дакъа дуб ан белхаш боцуш – хьалхарчу меттехь ю Оьрсийчохь гIалгIайн белхазалла.

Делахь а ца лаьа Iаьли-Юьртарчу бахархошна шайна гергахь завод йиллийта. Цара чIагIдарехь, цо хIо бехдийр ду, даьхнин дежийлаш талхор ю, ялтанашна гIело йийр ю – кхузахь ерриг а юьрт ю лаьттоо лучу ялташа кхобуш.

Завод йилла бакъо ца еллехь а, массо низам а дохош, ян йолийна иза

Доллучул а дукха кхоьру Iаьли-Юьртан бахархой экологи талхорах, шаьш долучохь хьовха – ерриг а ГIалгIайчохь. Юьртарчу цIеношна 200 уллехь ю юьллуш йолу завод, ткъа ша юьрт яц Магасна 4 чаккхарма бен юьстах а.

"Цхьааллин Оьрсийчоь" партин а, ГIалгIайчоьнан Халкъан кхеташонан декъашхо а ву бизнесхо, "РИАЛ" а, "РИАК" а заводийн инарла директор Тумгоев Мохьмад.

"Цхьа а бакъонан кехат дац Тумгоевна делла. Иза дала декхаре ерг Несарара администраци ю, оха хаьттина цигахь, ца елла цо бакъо, амма завод хIайт-аьлла хьалаеш ю, низам а дохош", - чIагIдо Iаьли-Юьртан депутата, меттигерчу вахархочо Ганижев Муслима.

Хин метта – баьццара Iовраш

Ши бутт хьалха Тумгоев ШарIан кхеле кхайкхира. ГIишлош меттигерчу бахархошка а хаьттина яхка еза, нагахь санна цхьа стаг хилла а, дуьхьал велахь, завод юьллийла дац, аьлла бира къедас сацам.

"ШарIан кхело, наха мухха а аьллехь а, гIишлош юттуш ю. Иза дино бохучух, я нахана хетачух вешаш вац. Шена са ерриг леладо цо", - леткъа Тумгоев Мохьмадна тIе Ганижев.

Иза дино бохучух, я нахана хетачух вешаш вац. Шена са ерриг леладо цо

Дукха а шерашкахь болх беш йолчу "РИАК" заводан бац хIо Iалашден гIирс, ткъа хилларш а лечкъийна тоххара, дуьйцу Ганижевс. Оцу проблемах лаьцна яздина "Металлоснабжение и сбыт" цIе йолчу журнало а. Нах карзахбевлла заводерчу биргIанаш чуьра баьццара хи уллерчу хорша охьаоьхуьйтуш гойту видео яьржича. Тешаша бахарехь, хьожанна латта а ц ало оцу меттехь.

Нах гергарчаьргахула совцо гIерта, зен-зулам дийр ду, бохуш

"Ша оьрнаш чу яссош йолу боьха кочаллаш дIайохьуьйту, уьш ша барт бинчу компанино дIакхоьхьу, боху Тумгоевс, амма дац цуьнан тхуна схьагайта цхьа а кехат-тоьшалла", - дуьйцу Iаьли-Юьртарчу вахархочо Ганижев Муслима.

Шайн рогIерчу протестан гуламе баьхкинчу бахархоша кехат а кечдина, дIадахьийтира иза ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнга Калиматов Махьмуд-Iелига. Амма арз цкъачунна жоп доцуш дуьсуш ду, элира Кавказ.Реалиин корреспонденте меттигерчу жигархочо Цуроев Мусас.

резабоцчу нахана кхерамаш туьйсу, белхашкара бохор бу бохуш

"ШарIан кхело бинчу сацамна тIе а тевжаш, со юкъарраллин кхеташо вовшахтоха воллура. Амма оха къастийначу наха шолгIачу дийннехь элира, шаьш реза дац. Ткъа Iаьли-Юьртарчу администрацехь кхоьллина йолу и кхташо йисина болх бан – иза хIинца Тумгоевгахьа яьлла. Ткъа резабоцчу нахана кхерамаш туьйсу, белхашкара бохор бу бохуш". Иштта довзуьйту таханлера хьал Цуроевс.

***

ГIалгIайчоьнан жил-Iаламан министраллехь кхеташо хилла деношкахь. Цигахь Тумгоевс тешийна куьйгалхой, нагахь санна Iаламна зен деш хилахь, ша шен керла завод ечуьра сацор ю, аьлла. Цо санитаран-эпидемиологин эксперташа хIоттийна кехат а чуделла Iедале. И кехат толлур ду мел бакъ ду. Хьал зуьйр ду, низамца мел ларайо бухарниг а, тIееш йолу завод а, аьлла яздина министралло шен инстаграм-агIонехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG