ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ниццехь килсанна тIелеттарг вовзийтина полицино


Ниццерчу килса чохь рс диттина кхо стаг вийна зуламхо вовзийтина полицино. Иза ву 21 шо долу тунисхо Аусауи БрахIим. Европе веана иза Италерчу Лампедуза гIайри тIера бутт хьалха, куьйга леладечу хинкеманца я бурамца, боху Iедало. Карарчу беттан юьххьехь Италера дIаваха тIедожийна хилла цунна, дехьаваьлла Франце. Талламчашкара хиина цунах йолу информаци AFP агенталлина.

Аусауица ца карийна паспорт, амма хилла цуьнгахь Италехь ЦIечу ЖIаро делла кехат. Лампедуза – нелегалехь Европе богIу мухIажирш тIеоьцу центр ю. Карантинехь а латтийна, бурамца Италерчу Бари кхачийна хилла иза кху беттан 9-чу дийнахь, яздо The Guardian газето. Тунисера мигранташ сов дукха хиларна, Италин Iедало ша дIа ца буьгу уьш шаьш схьабаьхкинчу пачхьалкхе – карало дIабаха тIедожош долу кехат.

Шега Итали дIатаса аьлча, Франце дехьаваьлла Аусауи. Цигахь цо ехна тховкIело. Талламна гIодеш ду Тунисера Iедал а, хаам бо Reuters-о. Хилла ву я вац иза террорхойн юкъараллашкахь, цкъачунна хууш дац.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG