ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбсаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла тIаххьарчу 24 сахьтехь 18 дархо. Цомгаш хилла 897 стаг


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбсаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 18 дархо, кхин а тIе цомгаш хилла 897 стаг.

Оперативан штабан зерашца, Красгодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах ворхI стаг, Дагестанехь пхиъ, Ставрополан кIоштахь виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь шиъ.

Верриг а къилбаседа Кавказехь кхелхина пандеми яьржичхьана ковидах 3 032 пациент.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, къаьсттина дукха бу цомгаш нах Ставрополан кIоштахь – 195 стаг:

  • Ставрополан махкхаь +195 (21 085 ву эпидеми яьржичхьана)
  • Краснодаран кIоштахь+ 139 (17 258)
  • ГIалмакхойчохь + 99 (8 998)
  • ГIебарта-Балкхаройчохь + 88 (10 002)
  • Дагестанехь + 86 (15 961)
  • Кхарачой-Чергазийчохь + 86 (9 523)
  • Адыгейхь + 68 (5 701)
  • ГIалгIайчохь + 63 (7 288)
  • Къилбаседа ХIирийчохь + 61 (7 152)
  • Нохчийчохь + 12 (2 629)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь ковидан ун токкуш ву 105 604 дархо. Оперативан штабан зерашца, йоллу Оьрсийчохь ун даьлла ву 1 599 976 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG