ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь футболан арбитрана йиттинарг Кадыровн хьехамча хилла


"Ахматан" а, "Спартакан" а матчехь арбитрана йиттинарг Соьлж-ГIаларчу клубан экс-вице-президент Алханов Хайдар хилла аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан Контролан-дисциплинаран комитетан куьйгалхочо Григорьянц Артура. Таханалерачу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочн Кадыров Рамзанан хьехамча ву иза. Яздо цунах лаьцна Sports.ru гIирсо.

"Тхайн кхеташонехь оха лерина листина матчан доллу кехаташ. Алханов Сайд-Хьусайна (Алханов Хайдаран кIант) санитаран регламент йохош, майданахь хила йиш йоцу нах чубитинера. Оцу шен леларца матчан официалан нехан дахарна а, могушаллина а кхерам беана цо. Иштта, майдана ваккхина хилла цо шен да Алханов Хайдар а. Цкъа хьалха суьдхочунна чож чу хIума а тоьхна, юха тIехьашхула шозза когашна мийра а тоьхна, шозза букъа тIера дIатеттина хиллера цо арбитр. Цул тIаьхьа суьдхочун чоьна чохь боьха бага лейина хилла, цунна а, цуьнан доьзална а кхерамаш туьйсуш. Иштта, тхуна къаьстина, "Ахмат" футболан клубаца Алханов Хайдар гIуллакх долуш цахилар а, структури юкъа а ца вогIу иза. Иштта вац клубан декъашхо а", - аьлла Григорьянца.

"Ахмат", "Спартак" футболан къоначу ловзархойн матч йирзича йиттинера арбитрана Головко Богданна. Бевзаш боцучара футболан майдана а лилхина, чоьже буйнаш биттина реферина, тIе мийраш биттина. ТIаьхьо арбитран чоьнаш чу а кхаьчна, маьттаза мотт лебина цара. Иштта гойтура хилларг "Спорт-Экспресс" газето, матчан протоколна тIе а тевжаш.

0:0 жамIаца дирзина шина тобан ловзар. ТIаьххьарчу миноташкахь чолхене дирзина хьал, вовшашлахь тийсабала боьлла футболхой. Арбитра Головкос ловзарна юкъараваьккхина "Ахматан" декъашхо. Ткъа матч йирзича тIелетта арбитрана.

Оьрсийчоьнан премьер-лиго бакъдо инцидент иккхина хиллар, бекхбуьллу Соьжа-ГIалахь Головкох леттачарна а, бухарчу клубанна а, бохура, таIзар кхачор ду бехкечарна.

Ткъа "Ахматан" пресс-векалто д1ахьедира, футболан майданна тIе а ваьлла, леттарг хьажархо вара, из ву арбитрана "тIеIаткъам бан гIиртинарг". Клубо шена къинтIера бовлар дийхира "Спартаке" а, премьер-лигин куьйгалхошка а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG