ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдурахманов Тумсона тIелатар динчунна официалехь бехкаш дехкина Швецино


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Кху шеран Чиллан-баттахь нохчийн оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона тIелатар дина аьлла, шеконашца лаьцначу шинна дуьхьал официалехь бехкаш дехкина Швецин кхерамзаллан полицино. Лецнарш "кхечу Оьрсийчоьнан пачхьалкхерчу (Нохчийчоь) режимца боьзна хиларна Швецерчу къайлахчу сервисаша толлуш дара и гIуллакх.

Арахьара иччархой шайн пачхьалкхехь жигараллица хьийзар санна зуьйш дара зулам, яздо "Кавказский узел" агенталло, иччархойн декъан куьйгалхочун Стенлинг Дэниэлна тIетевжина.

Оьрсийчоьнан Iедалхошкара шена кхерам хиларна тховкIело ехнера Абдурахмановс Швецига аьлла, билгалдаьккхина урхалло.

ТIедогIучу кIиранах йолор ю къелан процесс, хаамбина шведахойн телехьожийло.

Чиллан-беттан 26-чу дийнахь Швецерчу Евле гIалахь дира Абдурахмановна тIелатар. Официалехь йоцчу информацица, Оьрсийчуьра веана Мамаев Руслан ву иза динарг. Блогеро чIагIдарехь, Соьлж-ГIалара Iабдурахьман цIе йолу стаг ву киллер ваийтинарг. Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнан кхин ши вахархо а лаьцна Швецехь Абдурахмановна динчу тIелатарца доьзна.

Нохчийчуьрчу куьйгалхошна оппозицехь лаьтта блогер ву Абдурахманов Тумсо. Iедало шена тIе зуламаш хьерчо долийча битина цо шен даймохк.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG