ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь кхиазхочо полицин ши машен йохийна. Лазийна виъ некъан полисхо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Маса хаьхкинчу машенахь вогIучо полисхойн Lada Granta а, Skoda Octavia а олу ши автомобил йохийна ГIалгIайчуьрчу Экажевохь. Лазийна полицин виъ белхахо аьлла, хаамбина Кавказ.Реалиига ГIалгIайчуьрчу ницкъаллийн структурашкарчу хьостано. Дийцарехь, урхалла деш хилла 15 шо долу кхиазхо.

Инцидент хилла еарин сарахь, некъан полисхой кхиазхо тIехь волу Porsche машен сацо хьийзачу хенахь. Инспекторша бохург ца деш, машен дIахьовзочу хенахь церан машенех кхетта кхиазхочо урхалла ден автомобил. Сурхахи эвла боьдучу новкъахула къайла ваьлла кхиазхо цул тIаьхьа. Цхьа хан яьллачул тIаьхьа полицин декъе веанчу кIанта мукIарло дина шегара даьллачунна. Богатырев Хьусейн ву иза, дийцина хьостано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG