ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францин президенте шога вистхилла Нурмагомедов Хьабиб


Нурмагомедов Хьабиб

UFC-н чемпионо Нурмагомедов Хьабиба бехкбиллина Францин президентана Макрон Эммануэльна, "цхьа миллиард ах миллиард сов бусулба нах аьшнашбарна дешан маршонан лозунгана бухахь".

"Дала юьхьIаьржа хIоттавойла хьо тахана а, кхана догIур долчу къематадийнахь а! Дала кхел сиха йо, хьуна гур а ду", - яздина Нурмагомедовс инстаграмерчу шен агIона тIехь.

Йоьдучу урокехь дешан маршонех дуьйцуш, Шарли Эбдо сатирикан журнало Мохьмад Пайхамарна ехкина карикатураш гайтина хилла хьехархо Пат Самюэль вийчу гIаьттинчу дисккуссина юккъехула дина ду спортхочо шен дIахьедар.

47 шо долу историн а, географин а хьехархо Пати Самюэл вийра карарчу беттан 16-чохь. Зулам дарна бехкево Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Иза ша а вийна лоцучу муьрехь полисхоша.

Социалан машанашкахь иза радикалан кхайкхамаш беш лелла хилар билгалдоккху прессо. Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ.

Президента Макрона Патин тезетахь къамел дира, вуно ира дара иза: цо бохура, ислам-динехь кризис ю, кхойкхура Францин бахархой радикалан кепе йирзинчу исламан экстремизманна дуьхьалхIитта. Макрона динчу дIахьедаро эргIад бахийтира Гергарчу Малхбалера цхьа могIа пачхьалкхийн Iедалхой. Туркойчоьнан президенто ЭрдогIана "психикана дарба де" аьлла, хьийхира Макронна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ГIадужу-беттан 27-чохь аьлла, Францин президент Макрон Эммануэль "ша ву хIинца терррорхочух дIатарлуш", ткъа мехкан муфтийс тиллина Макронна "№I террорхо" цIе.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG