Нохчийчуьрчу полисхоша мел лахара а 14 Куьршалара а, Цоци-Юьртарчу а вахархочуьнгара телефонаш схьаяьхна, церан лоьмаршаца телеграмехь аккаунташ схьайоьллуш ю. Бакъонашларъяран "Мемориал" центро бина и хаам пIераскан дийнахь.
Бакъоларъярхойн хаамашца, карарчу беттан 23-24-чу деношкхаь шайн цIера дIабигина бу уьш. Хеттарш динчул тIаьхьа буса сахьт долчучу хенахь 25-чу бусу дIахецна лецнарш. 2017-чу шарахь ницкъахоша бигина, Кадыров Ахьмадан полкан территори тIерачу къайлахчу набахти чохь Iазапаш лелийна, цул тIаьхьа набахтешкахь такха яккхий хенаш йиттинчу 14-ннан гергара нах бу хIинца бигинарш, билгалдоккху "Мемориало".
ДIабигина хиллачу дукхахболчийн телефонаш юхаелла ца хилла, ткъа ГIадужу-беттан 27-чохь церан цIарах телеграмехь аккаунташ йиллина пхеа телефонан лоьмршца. АгIонаш схьелларх хаамаш кхочу лоьмарш цIарах йолчу нахе, хаамбо бакъонашларъяран центро.
"Шеконаш ю, полисхоша провокацеш кечъеш ю аьлла, масала, экстремистийн материалаш зорбане а йохуш, яржон тарло, оцу кегийрхошна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш дахархьама", - аьлла, яздо шайн хаамехь бакъоларъярхоша.
Куьршала кIоштан полицин декъан куьйгалхочо Агуев Рустама инстаграме видео хIоттийна Цоци-Юьртарчу АсхабовгIара, шайн нах бигар бакъ ца деш, дIаязйина. Шаьш цхьана а метте дигина а дац, харц информаци ма яржаяхьара бохуш, дехар до цара.
Нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-канало статистика Iораяьккхира, Нохчийчохь полисхоша лечкъийначу нахах. Кху шеран Охан-баттера карарчу батте кхаччалц махкахь байначу нехан терахь 1 511 стаге даьлла, церан информацица.
Масала, ГIадужу-баттахь 72 вахархо лачкъийна, боху цара. Ву цаьрца полицин белхахо, суьдхо, ГIадужу-беттан 12-чохь Соьлж-ГIалахь дIаяьхьначу леринчу операцехь байъинчу тIемалойн гергара нах а, иштта, оппозицин блогеран Магомадов Сайд-Хьусейнан цIийнах болу нах а.
Кху баттахь вийначу Нохчийчуьрчу кхаа вахархочун цIераш йоху блогерша. Телеграм-каналан информацица, бу уьш Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн гергарчун карах некъан бохамехь вийна Дениев Ахьмад а, Дадаев Руслан а. КхоалгIаниг ву, ТIехьа-Мартанахь хиллачу кхийсаршкахь вийна школан хехо Бердукаев Iела.
IАДАТ телеграм-каналан модератор хилла Тепсуркаев Салман а цхьана, Гезгамашин-баттахь лачкъийна вигира 53 стаг. Нохчийчоьнан Ичкерин дозанал арахьарчу куьйгаллин векал Закаев Ахьмадан гергарнаш а, Кадыровн Австрерчу критикан Мурадан цIийнах берш а, иштта, вийначу Венера Анзоран хIусамненан Исраилова Заремин гергара нах а цхьана бара царлахь.
Марсхьокху-баттахь 144 гергга стаг лачкъийра, Товбеца-баттахь 35, Мангал-баттахь 30, Стигалкъекъа-баттахь 537, Охан-баттахь 640 дIавигира Iедалхоша, хаамбина IАДАТО.