ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жириновскийца конфликте ваьлла Кадыров


Жириновский Владимир
Жириновский Владимир

Оьрсийчоьнан Либералан-демократин партин куьйгалхочунна Жириновский Владимирна гечдар дехар тIедожийна Нохчийчоьнан куйгалхочо Кадыров Рамзана.

"Жириновский, айхьа аьллачунна къинтIера довлар деха... Оьрсийчоьнан пачхьалкхан политикаца а, билгалъяьхначу приоритеташца а бIостане ду ахь дуьйцург", - яздина Кадыровс телеграмехь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Францин президенте аьллачун хьокъехь вистхиллера Жириновский, Оьрсийчоьнан субъектийн куьйгалхойн гIуллакх дац арахьарчу политикана юкъагIерта а, терроризмна тIехIитта а аьлла.

Терроризмах дерг аьлча, оцу "уьнца" ша къийсам латтийра, цунна тIехь толам а баьккхина аьлла дIа а хьедеш, Кадыровс хьоьху депутатна, динах лаьцначу теманах ма хьакхало аьлла.

47 шо долу историн а, географин а хьехархо Пати Самюэл вийра карарчу беттан 16-чохь. Зулам дарна бехкево Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Иза ша а вийна лоцучу муьрехь полисхоша.

Социалан машанашкахь иза радикалан кхайкхамаш беш лелла хилар билгалдоккху прессо. Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ.

Президента Макрона Патин тезетахь къамел дира, вуно ира дара иза: цо бохура, ислам-динехь кризис ю, кхойкхура Францин бахархой радикалан кепе йирзинчу исламан экстремизманна дуьхьалхIитта. Макрона динчу дIахьедаро эргIад бахийтира Гергарчу Малхбалера цхьа могIа пачхьалкхийн Iедалхой. Туркойчоьнан президенто ЭрдогIана "психикана дарба де" аьлла, хьийхира Макронна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ГIадужу-беттан 27-чохь аьлла, Францин президент Макрон Эммануэль "ша ву хIинца терррорхочух дIатарлуш", ткъа мехкан муфтийс тиллина Макронна "№I террорхо" цIе.

Арахьарчу политикаца доьзна сацамаш тIеэца бакъо яц пачхьалкхерчу регионийн куьйгалхойн аьлла, дIахьедира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG