ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчохь мохкбегийа велла мел лахара а 25 стаг


Туркойчоьнан малхбузерчу Измирехь мохкбегийна велла мел лахара а 25 стаг, лазийна 800 меттигера вахархо. ПIераскандийнахь бегина мохк шен ницкъаллийн гайтам (магнитуда) 6,6 болуш.

Мохкбегоран эпицентр хилла Эгейскан хIорд болчахь. Иттаннашкахь гIишлош охьахаьрцина. Херцаршна бухара 100 стаг ваьккхина. Нах кIелхьарабохуш белхаш хIинца а дIахьош бу.

Мохкбегор хааделла гергарчу желтойн гIайреш тIехь бехачарна а. Желтойн махкахь мохкбегийча велла ши стаг, лазийнарг 20-х ву.

Уггара а ницкъе мохкбегийра Измирехь 1999-чу шарахь. ХIетахь велира 17 эзар стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG