ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Левада-центр": шайга хеттарш динчу Оьрсийчоьнан бахархойх 59% кийча бац вакцинацина


Хьалха а санна, Оьрсийчоьнан бахархойх дукхахберш (59 процент) шек бу COVID-19 цамгарна дуьхьал кхоьллина вакцина тешаме хиларх, кийча бац иза шайна тохийта. Цу тIе, нахехь и цатешам чIагIбелла шина бетта чохь, боху таллам бинчу "Левада-центран" социологаша а, цаьрца хаттамехь дакъалаьцначу "Открытые медиа" хааман гIирсо а. Ши бутт хьалха шаьш вакцина шайна яйта кийча бац бохура 54% реципиенташа.

Оьрсийчохь маьхза а, бахархойн лаамехь а ен вакцинаци шайна яйта кийча ду шаьш аьлла 36% наха.

"Левада-центран" директоран гIовса Волков Дениса дийцарехь, нах вакцинех тешо аьтто ца баьлла Iедалан: бахархой тешна бу кечдина молха сихонехь кхоьллина а, пайде ду ала шеко юьтуш а хиларх.

Хьалхо "Цхьааллин Оьрсийчоь" партино динчу хеттаршна деллачу жоьпаша гайтира шайна вакцинаци яйта 70% нах кийча цахилар.

Бахархойх кхоалгIа дакъа вакцинаци яйта кийча делахь, гуттар а кIезиг бу коронавирусах йолу Оьрсийчоьнан статистиках тешарш: дукхахболу нах ца теша цомгуш хиллачийн терахьаш лахдеш дац бохучух, ткъа 28% бахархошна хетарехь, Iедало мелхо а лакхадаоху бакъдолу терахьаш.

Реципиентех дукхахберш (60% гергга) кхоьру шайна ун кхетарх, ткъа 62% наха къобалбо регионашкарчу Iедало коронавирусна дуьхьал бен болх. Деллачу жоьпаша гойту бахархойх 92%-о масканаш лелош хилар, боху социологаша.

  • COVID-19 цамгарна дуьхьал ша кхоьллина вакцина Оьрсийчоьно чекх ца яьккхина медицино ца дича ца магош долчу 3-чу тIегIанан зерех. Вакцинаци пачхьалкхехь йолор ю карара шо доьрзуш.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG