ГIалгIайчоьнан пенсин фондан коьртехь лаьттинчу Вышегуров Мовладна а, цуьнца цхьаьна кхин а 22-нна а дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх кхачийна Магасан кхеле.
Бехкебечарна дуьхьалдаьккхина ненан капиталца хьарамло лелор, бюджетера 38 миллион сом лачкъор, яздо "Коммерсанто".
Зударшна мехах ненан капиталан сертификатех ахча дIала некъ а кечбой, цаьргара кехаташ схьа а оьций, бовш хилла хьаькамаш.
Цул сов, дуьнентIехь дан а доцчу берашна тIеяздеш а хилла тобано ахчанаш. Ишта курхалла ян, сертификаташ тIеязъян, лохуш хилла цхьаццанхьара зударий.
Аферисташа харц-сертификаташ кечйина 150 зудчун цIарца, кхелан каро аьтто баьлла иштачех 115 хьарамло, 38 миллион сом ду цаьрца доладерзийна ахча.
Талламо бахарехь, зуламхойн тобанехь коьрта дакъалоцуш хилла мехкан пенсин фондан куьйгалхочо Вышегуров Мовлада. Цуьнан цIийнах хьовсуш карийна 20 миллион сом а, дуккха а деши-дети а.
Вышегуровца цхьаьна курхалчийн тобанехь хилла цуьнан фондера а, вар-валар тергонеоьцучу хьукматан а (ЗАГС), дарбан хIусамашкара а белхахой.