ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла 15 дархо, ун кхетта регионехь кхин а 883 вахархочунна.
Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь велла COVID-19 лазар кхетта 7 стаг, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Дагестанехь а – кхоккха, ГIалгIайчохь а, Ставропол-махкахь а – цхьацца вахархо. Коронавирусах ерриг а хенахь велла Къилбаседа Кавказехь 3070 стаг.
Дийнахь-буса а, юхьанца схьа а кхиина статистика:
• Ставропол-мохк +196 (21671)
• Краснодар-мохк + 132 (17663)
• ГIалмакхойчоь + 90 (9278)
• ГIебарта-Балкхаройчоь + 86 (10268)
• Дагестан + 87 (16220)
• Кхарачой-Чергазийчоь + 86 (9781)
• Адыгей + 65 (5899)
• ГIалгIайчоь + 62 (7466)
• Къилбаседа ХIирийчоь + 66 (7345)
• Нохчийчоь + 13 (2669)
Таханенна коронавирус хааелла Къилбаседа Кавказехь 108 260 вахархочуьнца. Ерриг а Оьрсийчоь и терахь ду 1 655 038 (оцу юкъалоцу аннекси йинчу ГIирмера терахьаш а).