ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов вийначех цхьаберш маьрша бу, боху прессехь


Оппозиционер Немцов Борис вуьйш дакъалаьцначу нахах кхин а масех тидамехь хилла талламан, амма цо уьш жоьпе ца озийна, яздо "Медиазона" а, Scanner Project а порталаша.

Оцу шина хаамийн гIирсо бинчу талламо гойту официалехь шайна тIе бехк баьхьначу нахаца – Дадаев Заурца, Эскерханов Темирланца, Махмудов Русланца – цара Немцов вуьйчу муьрехь телефонехула къамелаш деш Хатаев Асламбек а хиллийла.

Талламан комитет Геремеев Руслан лаца кечлучу хенахь Хатаевс цунна а, шена а авиабилеташ эцна Немцов вийначу шолгIачу дийнахь Москвара Соьлжа-ГIала дIаваха. Амма талламчаша ца лоцуш витина ший а.

Кхел йоьдучу хенахь а ца кхайкхина тоьшалла дайта Хатаев Асламбек – иза кхеле кхайкхар дехна а хилла Немцовн йоьIан Немцова Жаннин адвоката Прохоров Вадима.

Прохоров тешна ву "зулам диначех, иза кечдинчех къаьсттина, цхьа дакъа цкъачунна жоьпах хьалхадаьлла" хиларх.

"Талламан комитето лакхара охьа шега кхочучу омрица сацийна латтадо зулам таллар, ларш лаххара а Кадыров Рамзанан гоне дIакхочуш, я кхин а лакхайоьлхуш хиларна", – аьлла хета адвокатна. Цо бахарехь, "Оьрсийчохь кхин Iедал хиллалц" гIуллакх дуьззина толлур ду ала дац.

  • Оппозицин лидерех волу Немцов Борис вийра 2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-хь Доккха Москварецки тIай тIехь Москох юккъехь. И зулам вовшахтоьхнарш а, дайтинарш а карийна бац. Немцовн гергарчу нахана а, белхан накъосташна а хетарехь, и зулам вовшахтохарна а, бехкенаш кIелхьарбахарна а бехке хила мега Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран го.

XS
SM
MD
LG