Австрин коьртачу шахьарахь Венехь, гIалин юккъехь лаьттачу синагогина уллехь герзаш ду детташ. Еза чов хилла полисхочунна. DРА агенталло бахарехь, тIелеттачех цхьаъ вийна, къайлаваьлла шолгIаниг лохуш ю полици, хаам бо Маршо Радионо.
Австрин цхьаболчу хаамийн гIирсаша, синагогина тIелеттачара байъинчу нехан терахь ду боху 7 стаг.
"Йоккха опреци" ю дIайоьдуш Венин юккъехь, хаийтина полицино. Цуьнан векалша ца довзийтина цкъачунна хилларг ма-дарра.
Kronen Zeitung газето яздарехь, жуьгтийн юкъаралло шен декъашхошка дехна хIусамаш чуьра ара цабийлар, хаам баржийна "Немцойн тулгIе" радионо.