ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь – терроран тохар. Массийтта меттехь дина тIелетарш


Венин юккъехь, синагогина динчу тIелатарехь лазийна полисхо. Массех стаг ву чевнаш йина, "массех вийначух тера а ду", хаам бина Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Нехаммер Карла. Цо бахарехь, кхеташ дац хьал дуьззина, цкъачунна дIахьош ю террорхошна дуьхьал операци.

Австрин хаамийн гIирсаша дийцарехь, тIелата йиъ меттиг хаьржина зуламхоша. Шина ресторанна а, синагогина а, жуьгтийн синбахаман центрна а дина тIелетарш.

Беллачех лаьцна официалехь яц информаци. Kurier газето яздарехь, вийна цхьа полисхо, веа стаганна чевнаш хилла. Могашалла Iалашъяран ассоциацин векала Мирау Кристофера бинчу хаамца, гIаларчу клиникашка кхачийна чевнаш хилла кхо стаг.

Зуламаш даьржинчу Венин 1-чу къоштарчу меттигашка гулбелла дуккха а Iедалан ницкъаш. Kronen Zeitung-о бахарехь, тIелеттачех цхьамма ша-шен эккхийтина.

ПОЛИЦИН ХРОНИКЕРА:

20:00 сахьат даьлча Seitenstettengasse меттехь девлла хьалхара герзаш. Массех стага диттина уьш. ГIалин 6 меттехь ду кхийссарш. Цхьа стаг вийна, массех лазийна, шайлахь цхьа полисхо а волуш. ТIелеттачех цхьаъ вийна.

Билгалъяланза йолчу информацица, синагога хила тарло герзахоша ттIелата къастийна коьрта объект. Цхьа зуламхо лазийна (кхечу информацица вийна). Бисина тIелатархой къайлабовла гIерта. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бакъдо цхьа полисхо лазийна хилар а, герзахойх цхьаъ лаьцна хилар а. Терроран тохар хила тарло динарг.

Kronen Zeitung газето дийцарехь, жуьгтийн юкъаралло дехна шен декъашхошка хIусамашкахь совцар.

Венерчу полицино шахьаран бахархошна хьоьху цIера ара цабийлар, транспортах пайда цаэцар, хилам лелачу меттехь яьхна видео дIаса цаяржор.

Францин президента Макрон Эммануэла ша ву, аьлла, Венех сагатдеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG