ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кабулерчу университетана тIелетта даIишхой. Иттаннаш байъина


Лаххара а 22 стаг вийна, 22 лазийна оршоьтан дийнахь Кабулан университетана динчу тIелатарехь. Студентийн куьпахь кхаа сахьтехь лаьттина тIом Iедалан ницкъашний, герзахошний юкъахь. ОфхIанистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин векалша бинчу хаамца, тIелеттачу нахах а вийна кхо стаг.

ГIажаройн литература йовзуьйту, жайнеш духку базар хIоттийначу студентийн Iойле Iедалера хьаькамаш бахка безачу сахьтехь дина тIелатар.

ДАIИШ шех олучу тобан декъашхоша тIаьхьо шайн телеграм-каналехула бехк тIеэцна, шаьш байъина "АллахIна дуьхьал долчу Iедална болх бан кечбен кхелахой, талламчаш", аьлла.

ОфхIанистанерчу ДАIИШ-ан декъашхоша дукха хьолехь тIелетарш дан хоржу дешаран хьукматаш. Байначу баттахь Кабулерчу дешаран центрна тохар дира цара, вийра 24 стаг, тIеийцира бехк шайна. Иттаннаш нах байъира Кабулан университетана хьалха 2018-чу шарахь а.

XS
SM
MD
LG