ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Суна иза фейерверк ю моьттура". Терроран тохар дина Венехь, байъина нах


Оршоьтан сарахь а, буса а дехха герзаш дийлира Австрин коьртачу гIалахь Венехь. Метрон Шведенплац станцина гергахь маса тоьпашца наханна тIелетта массех герзахо. Синагогина дина бохура и зулам юьхьанца – амма иза бакъ ца до официало.

Вийна виъ вахархо – ши зуда а, ши боьрша стаг а. Чевнаш йина 15 стаганна.

Террорхойн тохар ду динарг, аьлла ша еллачу пресс-конференцехь Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Нехаммер Карла. Цо бахарехь, полицин аьтто баьлла тIелеттачех цхьаъ вен. Иза мила ву а къаьстина, амма цкъачунна муьлхачу къомах ву хоуьйтуш дац. Иза ДАIИШ-ан кхетамца веха стаг ву, аьлла министра.

Вийначун хIусам толлуш ю полици. Талламаш бу дIахьош кхечу нахаца а.

ТIелатар дина гIалин юккъехь, нах алссам хевшина Iечу ресторанашна, кафешна гергахь.

Тешашлахь нисбелла дуккха а нохчий а. 45 шо долчу Успанова Сацитас дийцира Кавказ.Реалиига шена гинарг – иза шен шина бераца кафе чохь нисъелла хилла.

"Суна иза фейерверк ю моьттура. Амма гира корах арахьаьжча, маьхьарий а бетташ, юха а хьоьжуш, уьду нах. Тхо массо а лаьтта дийшира, кхоьрура чIогIа, герзаш дуьйлура юха а, юха а, наха маьхьарий хьоькхура. Тхо буьйса юккъеяххалц кафе чохь кхебира", – дуьйцу зудчо.

  • ТIаьххьарчу деношкахь Европехь массех тIелатар дина, уьш терроран могIара даьхна Iедалша. Францехь хиллачу терроран тохаршца мел зIе ю Венехь хиллачун хууш дац цкъачунна. Францин президента Макрон Эммануэла кост хьажийна, ша "саготта ву Венехь хиллачунна, Францина диначул тIаьхьа тIелатар дина цуьнца гергарлонехь йолчу Австрина, хIара вайн Европа ю, мостагIчунна хаа деза, ша хьанах лета, вай охьатовIур дац", аьлла.
XS
SM
MD
LG