ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоь банкрот ю. Финансаш лелор дIаделла Москва


ГIалгIайчоь банкрот яьлла, цуьнан финансаш лелор федералан финансийн министраллин караделла. Иштта бу Оьрсийчоьнан Iедало, Легаршдаран палатин белхахоша регионера социалан-экономикан хьал теллинчул тIаьхьа бина сацам.

Министрийн кабинетан куьйгалхочо Мишустин Михаила омра дина ГIалгIайчоьнан финансех урхалла дар Москва дIалуш. Оцу хьокъехь финансийн министраца Силуанов Антонца бертан кехат хIоттор тIедожийна мехкан куьйгалхочунна.

Сацаман маIна иштта ду: бюджетах ахчанах ен харжаш лахлур ю, махкахь кхочушъян новкъаяьхна цхьаццайолу проекташ совцур ю кхочушъечуьра.

Таханенна 3,33 миллиард сом декхарш ду ГIалгIайчоьнна тIехь. Ша махко шен бюджетна доккхучу ахчанал 700 миллион сом сов ду и декхар.

Республика Оьрсийчохь шолгIачу меттехь ю декхарш дукха тIехьерчорца (хьалхарниг ю Петербург).

XS
SM
MD
LG