ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийн полицехь Iазап латтадо, каракхаьчнарг хьийза а во". ХIун хилла Тепсуркаев Салманах?


Тепсуркаев Салман
Тепсуркаев Салман

Нохчийчуьра талламчаш дуьхьал хили 19 шо долу меттигера вахархо Тепсуркаев Салман лачкъорах бехкзуламан гIуллакх доло. Ши бутт хьалха, социалан машанашкахула видео Iораяьккхичхьана, вайна оппозин "IАДАТ" телеграм-каналан модератор а, жигархо а, яздо "Настоящее Время" телеканало.

Ша IADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, аьлла, верзина ваьлла Тепсуркаев хиира шишанна тIе.

Нохчийн полисхоша лачкъийна хета Тепсуркаев Салман журналисташна а, бакъоларъярхошна а.

Тепсуркаевс болх беш хиллау хьешан цIийнарчу камераша дIаязйина видео зорбане яьккхира "Iазапна дуьхьало латторан Комитетан" бакъоларъярхоша. Оцу тIехь гуш ду, шина стага, цхьаммо куьйгаца лаьцна дIавуьгу Тепсуркаев.

Салман шишана тIе хуу видео социалан машанашкахь Iораяккхале ши де хьалха дIаязйина ю Геленджикехь яьккхина и видео. И бакъ хилар тIечIагIдо Салманан хIусамнанас Тепсуркаева Елизаветас а.

"Цо соьга еллера шен ICloud-ан пароль, цуьнца къаьстира иза латтош волу меттиг. Талламан комитетан гIишлонна дуьхьал йолчу Кадыровн цIарахчу полкан дозана тIехь вара иза", - билгалдоккху Елизаветас.

Тепсуркаев Салман вайна масех де даьллачул тIаьхьа нохчийн пачхьалкхан телеканалан эфирехь гайтира 19 шо долчу жигархочун да. Нохчийн Iедалхой гунахь бац элира цо, шен кIантаца хиллачунна. Салман махкал а арахьа ву элира цо.

"Масех шо хьалха дIавахана иза Нохчийчуьра, иза харцахьа леларна, цунна дан амал а ца хилла, ас долара ваьккхинчул тIаьхьа вахана иза. Цуьнца уьйр яцара тхан. Нохчийчохь хилла яц и инцидент а", - боху дас.

Салманан цIийнанан тешна ю, Iедало бертаза къамел дан Тепсуркаев-да охьахаийна хиларх. Цо дийцарехь, жигархочун доьзална кхерамаш тийсинера нохчийн ницкъахоша.

"Масийттазза баьхкинера церан цIа, хIара гIовгIа ас эккхийтина дела, соьца а зIене ма дийла баьхнера цаьрга. Дерриг а дихкинера цунна, - боху Елизаветас. - Жимахверг дIавуьгур ву шаьш, юкъера кIант вуьгур ву баьхнера цаьрга".

Пачхьалкхан телехьожийлехь модераторан да гайтинчул тIаьхьа, машанехь керла видео яьржира, Салмана дIаязйина. Цу тIехь жигархочо дуьйцура, ша нохчийн зударий сийсазбина хиларх, оцу тIехула дина хиларх шена таIзар. Иштта, Европерчу оппозицига кхайкхамбира жимчу стага, шех лаьцна дийцарш совцаде аьлла.

"Ас айса къастийра сайна таIзар. Шу дерриш а шалхаллаш лелош ду. Оьшучу хенахь - цхьа а вист ца хилира шу", - боху видео тIехь кIанта.

Оппозицин "IАДАТ" телеграм-каналан модератор вара Тепсуркаев. Оцу группехь яздо Нохчийчохь нах лецарх а, еттарх а, ткъа тобан администраторш бу Европерчу мехкашкахь беха нохчийн мухIажарш.

Телеграм-канало яздира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллора доттагI волчу, Думан депутатан Делимханов Адаман ненах лаьцна язйина байт бахьана долуш лаьцна ву иза аьлла.

"Делимхановн ненах а, цуьнан доьзалх а лаьцна яра стих. Цундела, суна хетарехь, цуьнгара хилла иза лаца омра а", - аьлла, тешна ю Тепсуркаева Елизавета.

Республикехь а, дозанал а арахьа а бехачу нохчаша емалдира Тепсуркаев Салманна дина таIзар, цара видеош дIаязйира Нохчийчоьнан куьйгалле хьажийна.

Амма регионерчу Iедалхоша дIахьедира, Тепсуркаевна дина таIзар "догIуш дара", амма шаьш гунахь дац аьлла.

Изза хьажам болуш дара, "Грозный" телеканалан сайте хIоттийначу видео тIехь мехкан муфтийс Межиев Салахьа аьлларг а.

"Цхьана боьхачу хIумано оьзда мел доцург дийцинера. Иза тхан берашна кара а вина, цунна таIзар дина. Нийса а дина", - дIахьедира муфтийс.

ХIинца а хууш дац, стенгахь ву Тепсуркаев Салман. Нохчийчуьрчу Талламан комитето дуьхьало йина бехктакхаман гIуллакх доло оцу хьокъехь. Зуламан хIоттам бац оцу гIуллакхца боху талламчаша.

Иштта реза ца хилла, гIуллакх доло Тепсуркаев лачкъийна вигинчу Краснодаран кIоштара талламчаш а.

Церан дуьхьалоярна латкъам бан лерина бу "Iазапна дуьхьало латторан Комитетан" юристаш аьлла, дийцина "Настоящее Время" телеканале Къилбаседа-Кавказерчу бакъоларъяран организацин офисан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс.

- Хаьий шуна и кIант стенгахь ву а, цунах хIун хилла а?

- Тепсуркаев Салман волу меттиг, хала хеташ делахь а, тхуна хууш бац. ТIаьххьара цунах лаьцна билггал информаци еана тхоьга Гезгамашин-беттан 6-чохь. ХIетахь аьтто хилира тхан телефонаца иза вигина меттиг билгалъяккха, Соьлж-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан декъа тIехь вара иза. Цул тIаьхьа, цхьацца хабарш хийзира тхуна, амма и бакъ ду дац хьажа таро яц тхан. Дийна волчух тера-м ду иза.

- И видео дIа муха язйина хир яра?

- Иза лачкъош хиллачу полисхоша нуьцкъаша дIаязъяйтина аьлла, хета тхуна. Цуьнан деца, Тепсуркаев Ширваница язйинарг а санна. Сан шеконаш ю, нохчийн телеканалан журналисташ шен лаамехь цIа а кхайкхина, оцу кепара видео цо язйина аьлча.

- Цу тайпаниг Нохчийчохь дуьххьара дац?

- Дукха даьржина хIума ду- гечдар доьхуш, долара воккхуш, видеош дIаязъяр. Цхьана хенахь нохчийн пачхьалкхан телехьожийлехь лерина къинтIера бохуьйтуш, рубрика кхолла дагахь бара уьш. Ткъа Тепсуркаев Салманца хилларг, ша шена таIзар деш, и тайпаниг хилла дацара цигахь.

Тоххара, интернетехь яздинарг бахьана долуш тIера хеча а яьккхина, гечдар дехийтира жимчу стаге. Иза а данне а доцург хиллера, Салманна тIехь динчуьнца дуьстича.

- Ткъа хIун эр дара ахь Нохчийчоьнан муфтийс оцу кепара хIума магор?

- Цхьана муфтийс магийна ца Iаш, нийса дина таIзар лерира Нохчийчоьнан куьйгалхочо а, парламентан спикеро Даудов Мохьмада а. Суна хетарехь, оцо гойту, республикан урахаллан пурбанца лелош хIуманаш хилар.

Нохчийчоьнан куьйгалхой эргIадбахар дара, и видео социалан машанашкахь яржар, цунах лаьцна массара а дийцар. Нохчийн ницкъаллийн структурашкахь шайн каракхаьчначунна тIехь Iазапаш а леладо, уьш хьийза а бо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG